* * *
ШолгIачу дийнахь Iуьйранна шеца Батьянов а, Самойлов а волуш, Хаси-Юьрта вахара Свистунов. Оцу хенахь цига кхечира ДегIастанан областан начальник, инарла-адъютант эла Леван Иванович Меликов а.
Шина а областеxь xIоьттинчу хьолах доцца дийцинчул тIаьхьа цаьршиннан барт хилира, цхьана хeннaхь цига йиъ отряд а йахийтина, сихачу тохарца Салатавица дерг цхьана дийнахь чекхдаккха.
Нохчмахкарий, Салатаверий гIаттам хьаьшна чекхбаьлларг лерина, бехкечарна таІзардар дийцаре дан долийча, галморзахаллаш хилира шина инарлин. Меликовс схьахьедира, гIaттaмeхь дакъалаьцна дегIастанхойн йарташ, цхьа а са бухахь ца дуьтуш, лаxxьийна Россин малхбалерчуй, къилбасeдeрчуй губернешка дIакхалхо шен сацам хилар. Изза таІзар дар доьхура цо Теркан областeхь а.
– Изa дoйлa йац, Леван Иванович, – корта ластийра Свистуновс. – Данне а дойла йац. Шаьш кхалхор вайна дагадеанийла хиъча, лахкабелла хьаннашка гIур бу нохчий. ТIаккха уьш цигара схьабаха цхьа-ши шо хан а, бIe эзар салти а везар ву суна.
Меликов резавоцуш вусавелира.
– Хаац, Александр Павлович, – элира цо къорра. – Хьайн областерчу кхечу йартех хьайна луъург де, амма дегIастанхойн кхаа йуьртана – Диламний, Алмакханий, Миатланий – таІзардар сан лааме дала деза ахь. Царах къинхетам а бина, и ун йeрриг а ДегIастана доржуьйтийла йац сан.
– Ахь хIун дуьйцу, Леван Иванович? – корта ластийра Свистуновс – Иштта мегар ма дац. Вай цхьана пачхьалкхехь, цхьана законаш кIел ма деха. ТаIзарш а хила деза царна а, вукхарна а цхьатерра.
ГІуллакх къовсаме даьлча, дагавала полковникаш Самойлов, Перлик а чукхайкхира цаьршимма. Самойлов caцамболлуш дуьхьалвелира салатавхойн кхо йурт кхалхорна.
– ГІaттaмeхь даррехь дакъалаьцна нах-м таIзарх кIелхьарбевр бац. Амма церан къена дай-наной, зударий, бераш а махкахбахарна сацамболлуш дуьхьал ву со! Уьш шийлачу къилбаседе йа малхбузен йовхачу аренашка кхалхор а, меллаша йогучу цIергахь багор а цхьаъ ма ду. Цхьа шо далале, цхьаъ дийна ца вуьсуш, берриг а лийр бу уьш цигахь.
– Уьш кхалхор пачхьалкхана оьшуш гIуллакх хилча? – хаьттира Меликовс.
– Суна хетарехь, хьан локхалла, уьш ца кхалхорах галдала хIума а дац пачхьалкхан. Амма, кхалхийча, галдала ду. Іедалан къизалло cий дoжaдo муьлххачу а пачхьалкхан.
Перлика гIо даьккхира Меликовгахьа.
– Бехк ма биллалаxь, господин полковник, хIоьттинчу хьоле хьо тIехула хьоьжуш санна хета суна, – элира цо, курра Самойловга а хьаьжна. – Мятежникех къинхетам бича пачхьалкхана зулам долуш хилча, вай тIехьатaттa йeза вешан гуманни ойланаш. Мятежни йарташ, цхьа а са бухахь ца дуьтуш, махкахйаxаро гуттаренна а, орамашца а дIадоккхур ду кхузара зуламе ун.