Самойлов доза доцчу цабезамца дIахьаьжира Перлике. Цуьнга ала-м дуккха а дара Самойловн, амма ала йиш йацара.
Дуккха а къийсинчул тIаьхьа барт хилира церан: гIовттамхойх уггар бехкениш шайн доьзалшца йуккъерчу губернешка, ткъа бисинaрш аренгарчу нохчийн йарташка охьакхалхо.
* * *
ШолгIачу дийнахь йea aгIонгахьара цхьатерра тIелатар долийра Салатавина.
Билгалбинчу некъаца, Саласун аьрру агIонца, БуртIанай хьалайолайелира Батьяновн отряд. Колоннин коьртехь сирачу динахь, хаьнтIахь безчу механ тур а долуш воьдура командующи. Цуьнан дезачу дегIана кIел синтем байна хьалха дIагIерта дика йустийна говр. Наггахь оьгIазе урх а узуш, ойланаша дIалаьцна вогIучу цунна тIекхиъна богIура отрядан командир Батьянов, Хаси-Юьртан округан начальник подполковник Шетихин, Салатавин участкан пурстоп Дацаев Шайх-Махьма.
Акхташ-Эвла кхачале хьалхахь ламанхойн йоккха тоба гучуйаьлча, Шайх-Махьмин йеакІов чIeниг, хорша хьаьдча санна, йего йолийра. Хьалха богIучу нехан кортош тIехула лаккха айъина йохьуш кхоъ байракх гора.
– Уьш хIун адамаш ду, Шайх-Махьма? – гIенах санна, хезиpa цунна командующин буьрса аз.
Шен йeрриг майралла а гулйина, шед тоьхна, говр хьалха дIахийцира Шайх-Махьмас. Командующин буьйраца сецца отряд сихха бIaьхаллин низаме хIоьттира. Йадийна хьалха йалийна йиъ йоккха топ дехьо лаьттачу гу тIe a xІоттийна, сихха чаччамех а йуьзна, кечйира. Йаьржина чухахкайала кечйелира гIалгIазкхийн сотня a. Амма тобанна тIекхaьчначу Шайх-Махьмас, цхьа масех минотехь нахе вист а хилла, говр йуxaнeхьа хийцира.
– Хьан локхалла, хьан локхалла! – геннара дуьйна мохь оьхура цуьнан. – Caлaтaвхой муьтIахьалла дохьуш баьхкина!
– XIун боху цо? – Батьяновгахьа вирзира вуьшта а ирча акцент йолчу Шайх-Махьмас воккхавер тIехдaьлла беттачу маьхьарх ца кхетта Свистунов.
Батьянов дика кхеттера Шайх-Махьмех, амма гIуллакх иштта бакъахьа дирзина бохучyx цa тeшара цуьнан лeргаш.
– Салатавхой, къера хилла, тIебогIуш бу, боху-кх.
– Бакъдуй иза? – хаьттира инарлас, схьатIекхаьчна, вехьаш садоьIучу пуьрстоьпе.
– Бакъду, хьан локхалла! – марсайаьллачу шен говро санна, мерaIyьргаш сийсайора Шайх-Махьмас. – Шаьш сонта хилла, лелийначунна дохкодевлла, хьан локхалле шайна гечдар деха догIу шаьш, боху!
– Кхетаме баьхкина? Дохкобевлла?
– Шайн лаьмнашкара охьахьаьвсича, нохчийн йарташ йогуш гина царна, хьан локхалла…
Александр Павлович, корта курра агIор а саттийна, месалчу мекхех куьг хьоькхуш, Самойловга вистхилира:
– Ас ца элира шуьга, Михаил Иванович, бетах хIума тохаро бен и акхарой берта далор дац?
Оцу хенахь отрядна тIекхаьчна салатавхой, коьртара куйнаш а даьхна, командующина хьалха гора ийгира.