Светлый фон

– ХIан, хIун боху аш? – хьаьжа йуккъе шад гулбина, дуькъа цІоцкъамаш а дусийна, тобанна тIевирзира командующи.

ЭттIа кетарш, чоэш дуьйхина, коьртахь кхакханан хуцIара куйнаш, когахь йакъайелла неIармачаш, туьйдина кIарxаш а болуш, атталла йукъахйихкина шаьлтанаш а йоцуш волу кхо бIe сoв стаг, кортош охкийна, лаьттан бIаьра вoгIaвeлира.

– Жоп ло суна, стенна даьхкина шу? – тIечевхира Свистунов.

Тобанна хьалхарчу могIaрeхь гора лаьтта карахь баьццара байракх йолу, некхан ваз даьлла, хIетта къежвала воьлла зоьртала хьаьрса суьйли Дацаевга хьалахьаьжира.

– Шайх-Махьма, алал вайн сардале, – вистхилира иза. – Тxaьш Iеxаделла лелийначу гIуллакхна тхо дохкодевлла. Тхаьш лелийнарг гIаддaйнa лeлийна оха. Хилларг дIaдaьлла. Тхайх къинхетамбар доьху оха сардале…

– Шу дарий мятежникашца? – хаьттира Свистуновс.

– Дацара… дерриг дацара.

– Бехкениш мичахь бу?

– Уьш цIахь бисина, сардал.

– И тIелхигаш стенна йеана аш? – байракхашна тIе пIелг хьажийра Свистуновс.

– Тxaьш къера хиларан тоьшаллина, хьоьга дIайала…

Александр Павловичан мера чохь велар иккхира.

– Хьанна оьшу и шун модаша йуьзна тIелxигаш? Гечдарх лаьцна тIаьхьа дуьйцур вай. ГІовтта хьала! Гуонаха ха а хIоттадай, БуртIунай-гIопе дIабига уьш. Кхана хIара хан хилале бехкениш цига дIа ца багIахь, церан йартех чим бе. Вада гIоьртинчунна тIе тоьпаш тоха а ала. Прапорщик Дацаев, ахь жоп лур ду суна церан хIор а коьртах.

…Цхьана кIиранах дахделира Салатавехь таIзарш дар. Хьалхарчу дийннахьехь шайн лаамехь гонахарчу йарташкара БуртIунай-гIопе веара ши бIe стаг. Доьзалшца хьуьнхахь къайлабевлла алмакхой, шина дийнахь мелла а дуьхьало а йина, кхоалгIачу дийнахь, къера хилла, гIопе баьхкира. ГIовттамхойх уггар бехке лерина ши бIe стаг, гуонах хa a xIoттийна, Петровск-порте дIахьажийра, цигаxь xІордан кеманна тIе а ховшийна, Волгица хьала къилбасeдeрчу губернешка дIабига. ТIаккха Батьяновн а, Тер-Асатуровн а отрядашна тIедиллира, Алмакх, Дилам, Миатли, БуртIунайн йарташкара бахархой арен тIе а кхалхийна, уьш йохор.

Дуьззинчу оцу кIиранчохь зударийн, берийн а белхар дара Салатавехь. Кертара арадохучу декъашний, лецна буьгучарний тIаьхьа тийжаш боьлхучу зударийн маьхьарий. ТIаьххье дIадоладелира кхалхор. ЦIийнах а, махках а бовла ца туьгуш, къаьсттина дуьхьало йора зударша. Коьртара даккхий корталеш а, чухтанаш а дIа а йаьхна, месаш охьа а хецна, когаш хьалха а гIертош, неIсагIех, кертех а тийсало зударий, текхош, тоьттуш, некъа кхуьйсура салташий, милцоший. Амма Александр Павловичан лергашна ца хезара уьш. ГIуллакх дика дIадоьдийла хиъча, Батьяновца цхьаьна Хаси-Юьрта охьавахара иза.