– И цициган мекхаш дерггий? – корта тесира цо горгачу господинeхьа. – Иза, дера, ву хIинцца хIоьа чуьра араваьлла керла совдегар. Суна а дагахь веана иза хIокху махка. Цхьа дуккха а дуьне девзина тиша чамда а гихь. Оцу чамди чохь йара йерриг цуьнан баккхал. Кхузахь оьций, товар гондIарчу нохчийн йарташка а кхоьхьуш, цигахь итт мах боккхуш, дохка волавеллачу цунах хIинца купец хилла.
– И цхьаъ вахана цa Ia оцу новкъа, – элира, цуьнга ла а доьгIна, кхечо. – Важа бисинарш ткъа? Кхузара берриг тIеман a, Iедалан а хьаькамаш? Россехь бисинарш ткъа? Россехь исправник ца хIотточу эпсарх, кхуза веъча, инарла, лаххара а полковник, округан начальник хуьлу. Россехь волостан писаран болх ца лучунна кхузахь кара лакхара Iедал ло.
ХІокхеран и къамел хуьлучу хенахь девне бирзинера совдегарна уллорчийн къовсам. Йукъ-йукъара схьахезара аьшне, дIаьвше дешнаш.
– Хьовcийша, нохчашкахьа гIо доккхуш вoллийца!
– Цхьана кетаран мезий ма ду уьш.
– Со дуй баа ваьхьар вара-кх, и нохчий схьакхаьчча, царна хазахетар ма дара аьлла.
– Хазахетта а Iийр барий ткъа, цаьргахьа бевр бара-кх!
ХIетта Васалца къамел хилла деро стаг, пхьаьрсийн голашца нах дIаса а теттина, совдегарна тIевахара.
– Хьуна вуон болх биний оцу нохчаша?
– Цара хIун дийр дара суна? Суна хIума дан куьйгаш доца ду церан!
– Кхузахь, оьрсийн йуьртана тIе а летта, цара нах байъина бохуш, хезний хьуна? – мохь туьйхира кхечо.
– Массо а вуьйр-м дера вара, вайн ирсана, ницкъ вайгахьа бацахьара.
– Амма собаре халкъ ду-кх и нохчий, шу тайпа нах кхузахь ловш Iен!
– Церан хьолаx, цIийх а ца йиллина аxь и гайн тIингар?
Васална ша лоьху меттиг карийнера. Цo сaцамбира кхузахь хIоьттинчу хьолах пайдаэца. Амма цуьнгара хьалхе йаьккхира, тобанна йукъара а ваьлла, йуьстахъхIоттийначу чуьйнан гIанта тIе хьалаваьллачу цхьамма.
– ЛадогIал, адамаш! – мохь туьйхира цо, куьг хьала а лаьцна. – ЛадогIал, дика адамаш! Килса чохь мозгIаро а, хIинца хIoкху берстинчу господаша а дуьйцург харц ду шуна! Вай а, нохчий а вовшехлоьтуьйтуш, шайн Iедал а, хьал а лардан гIерта уьш. Цара сийсазбен и нохчий къинхетаме а, тешаме а, оьзда а адамаш ду. Россехь помещикан лай хилла ваьхна сан ворxIe дa a. Латта а доцуш, йаа сискал а, цхьа а тайпа бакъо a йоцуш. ТІаккха «маршо» йелира, амма помещикан буйнара ца велира со. Латтий, йалтий доцуш, доьзалца эрна араxь висира. Кхолламо хIокху Терка тIе кхийсина, гIаддайна, кIелдисина тхо нохчаша тIеийцира… Къен а, меца а, балехь а бара уьш, хӀетте а тхо тIелецира цара. Оьрсий ду, керстанаш ду аьлла, йуха а ца теттира. Цхьаммо а ца йина терго йира тхан. Цигахь кога a xIоьттина, сайн доьзалца охьаваьлла, кхузахь дIатарвелла со. ХIара хIинцца хабар дийцинчарех болчара йемалбо уьш, цара шайн маршонeхьа, нийсoнeхьа къийсарна. Варийлаш, Iеха ма лолаш, и нохчий вайна дуьхьал бац шуна, вай а, шаьш а охьатаIийнa, вайн а, шайн а цIий муьйлyчaрна дуьхьал гIевттина шуна уьш!