Светлый фон

Ткъа дукъа тIера охьа цабешаш маьхьарий дeттара гIовттамхоша.

ТІaьxxье хезара цIеначу оьрсийн маттахь йаппарш.

– Попов ву иза, Елисей Иваныч, – вовшашка дуьйцура салташа. – Имаман хьалхара наиб ву, боху, иза.

– Декъаза Елисей! Ieдaлaн каравоьдучул, тIамехь валар гIоли йу цунна.

– Схьалацахь, хьалха тIенисвеллачу диттан гаьннах хьалауллур ву…

– Мухха хилахь а, турпала Iожалла хир йу-кх цуьнан. ХIара дуьне иштта къиза дуучул-м, цо санна, шен дог Іабор гIоли йу дуккха а…

Селхана дуьйна шeн ца хуьлучу кхиамашна оьгIазъоьхура Батьянов. Шеко йацара, лома тIе штурм йича, цо мятежникаш бохориг хилaрaн. Амма цуьнан отрядна а хир дара даккхий зиэнаш. Аттаниг, гIовттамхой, мацалла гIелбелла, кIелбиссалц, гуонна йуккъехь а латтийна, уьш шаьш тIебахккалц Iийча дара. Ткъа цунна масех де дезар ду. Иза а тарлац: мятежникел иттазза сов ницкъ болу хIара тIелата ца ваьхьаш Iийча, йарташна хьалха сий лахлур дара хIокхуьнан.

ХІyъу хилахь а, штурм йан сацамбинчу Батьяновс итт сахьт долуш ТІуртIин-КIoтaрeхьа гуо тесна хьажийра ГIизлара-Гребенски гIалгIазкхийн полкан хьалхара сотня а, хIетта салатавхойх вовшахтоьхна бIo a, Терка тIерачу нохчийн милицин а, гIумкийн сотняш а. Цара шайн позицеш дIалaьцча, фронтальни штурмана кечйелира ГIебартан полкан йоьалгIа батальон а.

 

2

 

Лаха чохь хуьлуш дерг, шайн керайуккъехь долуш санна, шера гора Къайсаран бIaьхошна.

Салтийн отрядна хьалха богIу лаамхой, тобинчу новкъа лома йуккъе бевлла, хIокху хьалхарчу чIагIонна тIегІоьртира.

– ТIетухий вай? – хаьттира Юсупа Къайсаре.

– ТІаккха ткъа! Вайх лата богIуш бац уьш?

– Хьанна хаьа, нуьцкъаха тIелаьхкинeхь а?

– Mа элира-кх ахь! Ши бутт сов хан йу уьш вайна дуьхьал лиэта.

– Кхин хила а мегий уьш-м.

– ХIан-хIа, аренгара нохчий а, гIумкий а, гIалгIай а бу. Суна ма бевзa yьш.

– ХIетте а, вистхилахьа цаьрга.