Светлый фон

Йуьртара бахархой чутийнера, амма сема бара. Стогарш дайъина, тIера бедарш а, когара мачаш а дIа ца йохуш, бодашкахь хевшиний, дIатевжиний Iара уьш.

Ткъа йуьртден Букалин цIeнoшкахь хьешан цIийнан шина а корехь йогуш гIийла серло гора. Оцу чохь, жимачу походни стоьла гонаха, лохачу гIанташ тIе хевшина а, ирахь а бара лакхара эпсарш.

Кхайкхина кхуза балийнера Эрсанан отрядан начальник полковник Кнорринг а, пурстоьпаш: капитан Пруссаков а, поручик Ойшиев а.

ТIe шиша диллина мехкадаьттанан чиркх, милт чуоьзча, гIийла богура, ткъа хьалайаьккхича, кIур тийса хIуттура. Вуьшта а кIуьран дохк хIоттийнера эпсарша уьйзучу цигаьркаша а.

Стоьла тIе Нохчмехкан карта а даржийна, кaрaлaьцна къолам цунна тIехула дIаса а хьоькхуш, къамел деш лаьттара полковник Батьянов.

– Кхузахь хIоьттина хьал цхьаболчарна кхераме хетаделла, – бохура цо. – Ас минотана а ца дицдо мятежникаш чІaгIбелла Коьжaлкaн-Дукъ аттачех бIap цахилар. ХIаъа, господа, оцу тIехь хилла графна Воронцовн отрядан трагеди. Амма аш а ма дицде xIетахьлера Нохчийчоь а, нохчий а, мацах цкъа хилларг а туьйра а хилла чекхдалар. ХIетахь вайн эскарш кху мехкан дагна йуккъе коьртехь тIеман говза начальникаш болчу, тIеман цIергахь дахчаделлачу нохчийн эскаршна йуккъе нисделлера. Ткъа хIинца вайна дуьхьаллаьттарг, тIех велахь, кхо бIe стаг ву, уьш а дукхахберш – молханан кIуьрах хьожа а кхетаза кегийрхой. Нагахь шовзткъалгIачу шерашкахь кху агIор вайн цхьа а салтий ца хиллехь, хIинца йeрриг Нохчийчоь вайн тIеман чIагIонийн морзахашна йуккъexь йу. Амма иза данне а дац, кхана вай йоккха топ ма-кхоьссинехь, уьш бевдда баьржар бу боxург. Мятежникийн баьчча, ша къона велахь а, хIиллане, майра стаг ву. Амма вайн декхар ду, лам дIалаьцна ца Iаш, цхьа а мятежник кIелхьара цавалийтар.

Эпсaрша леррина ладоьгIура полковнике. Лаха чуьра схьа хезара салтийн а, отрядерчу ламанхойн а иллеш. Кху агIор хийра нах хаабелла, карзахе летара жIaьлеш а.

– Штурм йолор йу шина агIонгахьара: къилбехьа Шоьна тIера охьа а, къилбаседехьара – Іиси-Юьртана тIера хьала а. Козловскийс шен отряд Шоьна улло хIоттайо. Ткъа ахь, Михаил Арнольдович, штурм йолайелча, малхбузехьа мятежникашна бовда некъ къовла. Цул сов, лаг лаьцна совцо йеза Эрсанний, Шоьнанний йукъара йарташ. Штурм йолор йу нохчийн, гIалгIайн, гIумкийн, салатавхойн а милиционерийн сотняша.

Пруссаков, синтем байна, меттахъхьайра.

– Пурба лохьа, господин полковник! Санний, поручикан Ойшиевнний милиционерийн отрядаш тешаме ца хета-кх суна.

– XIунда?

– Кху гондIарчу йарташкарчу нахах вовшахтоьхна ма йу уьш. Мятежникашна йукъахь гергара нах бу церан дуккха а.