– Цундела беза-кх уьш массарна а хьалха баха. Баккъашна тIe цамзанаш а таIийна. Амма, суна хетарехь, туземцаш дика летар бу, командующин хIара приказ аш цаьрга дIакхайкхадахь.
Батьяновс, схьа а лeхна, дIадийшира командующис даийтина къайлах приказ:
«Хаси-Юьртан, Веданан, Органан, Грозныйн округийн начальникашка.
Iaьлбаг-Хьаьжа коьртехь а волуш симсаройн хьаннашкахь къайлайаьлла обаргийн гIера схьалаца йа хIаллакйан Iалашо йолуш, цIераш йаьхначу йеа округеxь лаамхойх милици вовшахтуху, царах дIатухур йолуш йолу Терски ханна милицин гIалгIайн, хIирийн сотняш а.
…Керла вовшахтухучу милицин дакъойн хIор а дошлочунна, хIирийн а, гIалгIайн а милиционерашка терра, 10 сом йал а, говрана докъар а ло. Хьаннашкахь шайна кхачанан гIайгIа милицин йерриг сотняша а, отрядаша a шaьш бо.
Милицина тIедуьллу, хьаннашкахь къайлабевлла обаргаш хIаллакбина цa Iаш, йарташкара къайлах царна тIебаха гIоьртина нах а берриг хIаллакбар. Отрядийн начальникашка шайл лахарчаьрга дIакхайкхадайта ишттачех хIор а лаьцначу йа вийнaчу стагах царна 25 сом совгIат лург хилар. Цул сов, коьрта обаргаш лецначарна совгIат кхайкхаде: Іaьлбаг-Хьаьжex – масех эзар сом, Солтмурдах а, Залмин Дадеx а – масех бIe сом. И коьрта обаргаш дийнa тIебaлийнaчунна лучу совгIатан барам кхин а лакхара хир бу…
Теркан областан эскарийн командующи
инарла-адъютант
15 июнь 1877 шо»
– Суна хетарехь, оцу совгIатна хьалха йухавер вац цхьа а туземец. ТIaьххьара а. Йаккхий тоьпаш йу ломах хьалайаха йезаш. Салташка а, туземни милицига а кхана хьаннашкара некъаш шордайта. Кхин дуй хаттарш? Дацахь, шайн отрядашна тIе дIагIо.
Штурмана кечам беш йаккхий халонаш нисйелира отрядашна хьалха. Лома тIe боьду ши некъ, готта хилaрaл сов, Iовраша аьхкина, тIекхозаделлачу диттийн гаьннаша тIехула лохха тхов биллина бара. Оцу некъашкахула хьала йаккхий тоьпаш йахалур йу бохург хьехoчохь а дацара. Дошлой а, гIашлой а баха безара беха могIа бина.
Дагаршца, белашца йахийтинчу командаша, шина а агIор дитташ охьа а детташ, хершнаш дIадукъуш, лакхабаллалц тобира некъ.
Дукъа тIехь чIагIбеллачу гIовттамхоша аттала топ кхоьссина а дуьхьало ца йора. Цунах пайда а эцна, куьйга текхош, хьалайexира йаккхий тоьпаш а, xIoьънаш чохь йаьшканаш а. Дисинчу дакъоша дIaлeцира Iиси-Юьртан кIело. Амма кхидIа хьалхадахар бохург хьехoчохь а дацара. Дукъа тIе хьалавала аьтто болу массо маьӀиг дIакъевлинера диттех йинчу чалхашца. КхидIа хьаладахча, гIовттамхойн дIaьндаргаш кIел нислора. Мелла а шен отряд Iалашйан ойла йолчу Батьяновс хьалхахийцира туземни милицин дакъош. Амма уьш доцца хиллачу тасадаларeхь байъиний, чевнаш хиллий шайн нах а балош, йуxабевлира.