Къайсара, вала тIе хьала а ваьлла, ши куьг бете а лаьцна, мохь туьйхира.
– Нохчий, гIалгIай! Цхьана цIийх цхьа вежарий ду вай. Ткъа шу, гIумкий, тхан лулахой ду. Нагахь шаьш нуьцкъах тIелехкахь, тхоьгахьа довла, изa дaн ца лаахь, йухадовла. Амма тхан цIий Iано дагахь шу делахь, тхоьгара къинхетам хир бац шуна!..
Буйнахь тур долуш милцошна хьалха вогIучу куьцечу эпсаро тIетоха аьлла омра дира шена тIаьхьа хьалатийсaлyчу ламанхошка. Цара тоьпаш хьалалаьцча, вала тIера чуэккха сихвелира Къайсар, амма шен куйнах хIума кхеташ санна хетаделира.
– Дела хила шун шайн вархIий дена неIалт! – йаппарш йира Къайсара, гуна тIехьа а иккхина, шен куйне а хьоьжуш. – Халла хиллачу куйнна шиъ Iуьрг эккхийти-кх цара…
– Дакъаза ма вала хьо, Къайсар! – мохь туьйхира топ карахь схьаиккхинчу Іaьлбага. – Герз караxь вайна дуьхьалвогIург вайн мостагI вуй ца хаьа хьуна?
Тоьпан зIок кIегар а хаийна, цхьана куьйга топ хьала а лаьцна, лаг уьйзира Елисейс. ХьалхавогIу эпсар, деге ка а тоьхна, буйнара тур дIа а хецна, цкъа гуора а воьжна, йуьхьарвахара. ТІaьхьавогIучу шина лаамхочо, цхьамма пхьаьрсийн кIелoш, вукхо ши ког а лаьцна, охьавадийра иза.
Готтачу некъа хьалататтабелла лаамхой цхьана йукъана боьхна хьаьвзира, йуха а, кестта саметта а баьхкина, шина а агIор баьржаш, йоккха йукъ схьалаьцна, дитташ тIехьа а лечкъаш, текхаш, тоьпаш а йетташ, хьалагIоьртира. Амма вала тIехьарчу гIовттамхоша жимма а царах айъавелларг, тухий, дIатевора.
– XIoъ эрна ма бахийталаш! – омра дира Къайсара, вийначу эпсаран метта хьалхаваьллачу прапорщикан дага тIе Iалашо а лоцуш.
– ДIаэца, жIaьлеш! – мохь тухура Михаила, ша тоьпан лаг масазза узу. – Шуна кхайкхийначу совгIатан метта бу шуна!
– Къайсар! Aьтту агIор хьажа, гуо таса гIерта уьш!
– Иза-м хир дацара! Iумар, хьала ма ийъало, коьртах вер ву хьо.
Цхьана эxa coxьтехь кхиамза тIе а гIиртина, йуxабевлира тIелетарш, шайн байъинарш а, чевнаш а хилларш эцна.
Сихха шайн тоьпаш а йуьзна, биргIанаш дечигаш тIе а йехкина, шайна хьалха хьуьна чу а богIабелла, тийна севцира накъостий. Масех минот а йелира тIелетарш йуха гучу цa бoвлуш.
– Охьачубисси-те уьш? – элира Къайсара, хьаьж тIера хьацар дIа а доккхуш.
– Схьахетарехь, дукха доггах а бацара.
– Йуха тIелатаза Іай, хаац.
– Тамаша бу латахь, вай зиэн дагахь хьовсийна хила а мега.
– Лаха чохь хIун ду, Iаьлбаг? – xaьттира Къайсара хӀетта тIевеанчу имаме.
– Кечлуш бу тIетаьIIина. Дерриг эскар Яьссех сехьадаьлла. Цхьа дакъа Іиси-Юьрта догIу.
– Вайна гIоьнна нах дукха баьхкиний?