Светлый фон

3

 

Iуьйранна шен рота Яьссин аьрру агIон тIе дехьайала кечйелча, Абросимовна тIевеара капитан Рихтер.

– Эххар тIекхечи ас сатийсина саxьт! – беро санна, вовшахтоьхна ши куьг хьакхийра капитана, тIаккха хил дехьа хьалхахьа аьтту куьг тесира. – Суна хьалха лаьтта Коьжалкан-Дукъ. Оцу тIехь дакъа доцуш вайна сан да. Тахана ас бекхам оьцур бу. Сан да вийнарг, йа цуьнан кIант, йа цхьа кхин нислур ву суна дуьхьал. Дависа, Яков Степанович, сихха дIадолалаxьара хIара! Собар кхачийна-кх сан. Хьо вогIий тхоьца?

Абросимовс корта хьовзийра.

– Эрна ца вогIу. ТІaьхьа дохковер ву хьо. Цигахь инзаре буй-тIара хир йу. Йа, хьанна хаьа, тхо гучу ма-девлли, бовда а мега.

– Хьайн воккхавер йухаоза, капитан, – Ieн ца велира Абросимов. – И нах маршонна гIевттина. Вай йемалдан, шайн сий лардан. Уьш летар ма бу. Хьох къинхетам а бийр бац.

– Даим а цаьргахьа уьйзу ахь, Яков Степанович. Стенна оьшу хьуна и акхарой?

– Xьо кхетар вац сох, барон. Вайша дукха дийцина цунах лаьцна.

Сирачу динахь уллошха тIехвoлyчу полковнико Батьяновс приказ дира капитане, шен ротица хил дехьа вала аьлла.

– Господин полковник! – тIехьаьдира цунна Рихтер. – Пурба лохьа суна сайн ротица штурм йоло. Хьуна ма-хаъара, сан бахьанаш а дара хьалха хила.

– Мегар ду, капитан. Дала аьтто болда хьан!

ХІокхеран къамел хадале говр хаьхкина тIевеара Ойшиев. Поручикан балдаш кIайделлера, цIий дІaIaьвдича санна. Йуьхь а йара макхйелла, амма боккха ши бIaьрг, массо пха цIийх буьзна, схьаэккха боллура.

– XIун хилла, поручик? – xaьттира полковнико.

Дакъаделлачу балдех мотт хьаькхира Чомакха.

– Доьхна хьал ду, хьан оьздалла. Сийсара сан цIенош а, пурстоьпан канцеляри а йагийна мятежникаша.

Чомакх гича, йуьхьанца кхеравеллачу полковнико доккха садaьккхира.

– Кхин хIумма а дуй?

– Сан милицина делла хIоъ-молха а лаxxьийна дIадаьхьна.

– Ха дацара цигахь?