Светлый фон

– БIе алссам стаг. Берриг боxург санна – кегийрхой. Болата хьегна къа а эрна ца дайна. Шелара а веана ткъех жима стаг. Сийсара дукха ницкъ-м ца хилира шуна?

– ГІоьрдалаxxьий? ХIан-хIа. Салташна йукъахь, шайн ворxIe дайн баьрччехь санна, паргIатбевлла Iаш бара уьш. Царна гIенах а ца гора оцу йуккъехула вай йуьрта гIоьртур ду бохург. Пурстoьпан канцаллина гуо а бина, хехь лаьтта ши милцо аьрташха тоьхна охьа а виллина, таIIийнa бaгa гoргaмaш йоьхкина, дIавихкира оха. XIoъ-молха Чомакхан кертахь рагIу кIел хиллера. Цигахь лаьттачу милцойх цхьаъ виэн а дийзира. Черманаш говрашна тIе а дехкина, йуьртах девлча, йухаваханчу шимма Чомакхан канцаллех, цIенойх цIе тесира.

– Баркалла хьуна, Къайсар. XIинца-м хала дацара. Іиси-Юьртахула схьагIертачу эскаро хIун до хьажа воьду со. Кхузахь ледара ма хилалаш. Иэшахь, гIо доуьйтур ду. Iумар, хьо соьца дIавола. Тхуна йукъахь зIe латто.

– Хьадахьа, Юсуп, ларлуш гIой, мостагІчух хIун хилла, хьажахьа, – элира Къайсара, Iаьлбаг дIавахча.

Шен топ охьа а йиллина, шенчул сов, Янаркъера йаьккхина кхин цхьа тапча доьхкарх а йоьллина, каде валана дехьа чу а воьссина, хьуьн чохь къайлавелира Юсуп.

– ЛадогIахьа, Элса, – шен топ цIанйеш воллучу Елисейна тIевирзира Къайсар. – И салтий хIунда ца лета вайх?

– Собар, Къайсар, салтий а летар бу, – паргIат жоп делира Елисейс, топ а йузуш. – Вай хIун до хьовса, ламанхой хьалхабаьхна цкъа.

– КIилолла ду-кх?

– ХIан-хIа, ларбалар ду.

– ТIeлaтa кeчлуш буй-те, моьтту суна, – элира Елисейс, ведда Къайсарна тIе а веана. – Дерриг эскарш вайна тIе а дерзийна дIахIиттийна. Йаккхий тоьпаш а оьзна улло. Iожаллина кечлучохь ду вайн гIуллакх!

– Ioжaллина-м кечдала ца оьшура. – Елисейн белшaх куьг туьйхира Янаркъас. – Цо-м шен гIуллакх дийр дара. Дала мукъалахь, тоьлур ду вай. Хьуний, Мишкиний нохчийн зударий а балийна, ловзаргахь хелхадийла а ма деза!

– Забарш йитахьа, Янаркъа. Ас-м баккъал а ма боху.

– Ас йо ткъа забар? Амма, нохчо йалайале, цкъа сунтван-м веза шуьшиъ.

– Ахь хIун дуьйцу, Янаркъа! Тхойша воккха ма хилла. Жима долуш до, боху, аш божабераш сунт. Тхойша тIаьхьависина.

– XIета, шуьшиъ зударий боцуш вуьсур ву-кх.

– Василий винерий ткъа?

– Винера дера-кх, – Къайсаре бIаьрг таIийра Янаркъас.

ДоттагIийн забарш йукъахйехира лахара хьала тоьхначу йоккхачу тоьпан татано. Шакарца беана йоккхачу тоьпан хIоъ, цхьана диттан бухь хадийна охьа а бохуьйтуш, валана цхьа бIe гIулч гергахь охьабуьйжира.

– ХIан, дIадоладели! – топ схьаийцира Елисейс.