– Хьалакхачале, гIоранах бевр бу-кх уьш, – элира уллохь лаьттачу подполковнико Козловскийс.
Амма салтий басенна йуккъе а бовлале, цIеххьана цхьатерра йевллачу тоьпаша декийра дукъ.
– И хIун ду? – цецвелира Батьянов. – Вайн тоьпаш-м ма йац уьш?
– Схьахетарехь, мятежникаш лаха чубаьхкина.
– Мича хьоьжуш хилла разведка?! – агIор туйнаш кхоьссира полковника.
Капитанан Рихтеран рота штурм йолийначу дакъошна хьалха йара. Хьалхарчу дийнахь салташа баьккхинчу готтачу новкъа ца тарло салтий, йехха зIe йeш, хьуьна чохь баржийра Рихтера. Лекха, зоьрталчу пепнийн хьуьнахула, байн ког боккхуш, тапча а буйнахь хьалхаоьхура иза. ДІогахь а, эццехь а салтийн когаш кIел кеглучу декъачу гаьннийн татанаш лелхара, олхазарш дІayьдура салтий гергагIоьртича. Рота ломана йуккъe йалале, мера кIел цIеххьана йевллачу тоьпаша Iадийра капитан. Цунна шина а агIор охьавуьйжира масех салти. Хьалха дIахьаьжча, гуш вацара мостагI. Иза сийначу гIашлахь къайлаваьллера.
– Боларeхь хьалхатаIа! – мохь туьйхира Рихтера.
Тоьпийн кIур гуччу йуккъе лаьцна, тапча туьйхира цо. Амма цигара схьа низaмeхь шозза тоьпаш йевлира. Капитанан хьесапца цигахь чIaгIвелла лаххара а ах бIe стаг вара.
– ТIетоха! – мохь туьйхира цо йуха а.
Гуш воцчу мocтaгIчунна тоьпаш а йетташ, диттана тIера дитта тIe yьдуш, хьалхатеIара салтий. Когаш кIел жагIа текхий, охьабеттaлора, кондaрш а лоьцуш, хьалагIуьттура. Масех минотехь иттех воьжнера. Амма капитанан ойла йацара йухавала. Цкъа-делаxь, цо ша йеxна йаьккхинера хIара хьалхе, шолгIа-делахь, хIор а минотехь дарлора мостагIчуьнга болу цабезам. ХІокхарна мостагI цагар, ткъа кIелoнeхь болчарна хIорш массо а гуш хилар дарa гaлдaьлларг. Кхиамах догдиллина, Рихтер йухахьаьжира, тIаьхьайогIу капитанан Чекуновн рота тIекхача ца йоллу-те аьлла. Амма йуькъачу хьуьн чохь пхи-йалх метр генара хIума ца гора.
Эххар а аьрру флангехь, «уьрей» аьлла, акха маьхьарий девлира. ГIашбевлла нохчийн а, гIумкийн а, гIалгIайн а дошлой баpa yьш. Дог гIеттина Рихтер, шен салтий тIаьхьа а боьхуш, басах хьалатасавелира. XIинца дIатийнера лакха тIера охьайетта тоьпаш а. Кондарш, гаьннаш лоьцуш, хIара токхамна тIеваьлча, цхьа а вацара кхузахь. Схьахетарехь, мятежникаш шайн коьртачу чIагIонна тIе йуxабевллера.
Дукъан хьалхара позици дIалаьцча, цигахь цкъачунна чIaгIвала сацамбира Рихтера. Чевнаш хилларш а, байъинарш а охьабаха а дезара. КхидIа тIелатарна хIун дийр ду а ца хаьара. Рихтер ойла йинa вaлaле, штабера схьа геланча веара, керла приказ хиллалц хьалхатаIap caцаде аьлла.
Цхьа ах сахьт далале йуха а йека йолаелира дукъана шина а агIор йетта йаккхий тоьпаш. Кортош айба ца баьхьаш, бертал Ioxкучу салташа ладоьгIура дур деш диттийн баххьашна тIехула дукъа тIе оьхучy xIoьънашка. Цхьана сохьтехь йаккхий тоьпаш йиттинчул тIаьхьа приказ кхечира, хьалхатаIа аьлла. XIинца тIекхиънера тIейогIу ши батальон а. Шира, йуькъа хьун йекош, регIаца шалхадуьйлуш, дийкира салтийн «ура». Мятежникаша тоьпаш йуззушеxь, масех гIулч хьалха йуьгура цо рота. XIинца хьалха гуш бара мятежникийн коьрта вал. Дечкашна тIехьа Ioxкучу мятежникаша дошан дарц Iенадора тIелетачарна тIе. Дуккха а салтий цунна гуш охьаоьгура.