– Дара. Цхьаъ вийна, бисинарш бага горгамаш йоьхкина дIабихкина карийна.
Полковникан йуьхь Іаржйелира.
– XIун нах бара хадийраш?
– Сан участкерчу йарташкара милцой а, хIирий а.
ДІаэккха гIерташ, воpтa сeттош гаьллаш Iуьйшу говр, урх йуха а тухуш, човхийра полковнико.
– Суна теша лаьа, поручик, хилларг хьан бертахь дацарх.
– Ахь хIун дуьйцу, господин полковник! – тIе а бос баьхьира Чомакхан. – Ишттаниг дага а муха даийти ахь?!
– Хьан бертахь дацахь а, хьан ледарлонан жамI ду иза. Хилларг цуьнан локхалле дIахаийтар сайн декхар хета суна.
Чоже кIажаш таIийна, говр хьалха а хецна, Чомакх воьхначохь а витина, дIавахара Батьянов. Цхьана минотехь, цунна тIаьхьа хьоьжуш, чурт санна, вогIавелла лаьттина Чомакх цецвелира шена уллохь лаьтташ Абросимов гича.
– ДІаэца хьайна, – элира Чомакха, корта а хьовзош. – Декъазчунна ден цIера а догIу, олуш кица ду тхан. Изза ду-кх суна хилларг а. Мятежникаша цIенош дaгийна, йерзинчу стигла кIел витинчу сох доглазар го-кх хьуна. УьстагIо аьлла боху: «Іaьхча – барзо боь, цa Iaьхча – Iуьно боь». Ца дуьйцуш Іен йиш а йац, дийцича, хIара хуьлу.
Цкъа вист ца хила ойла хилира Абросимовн, йуха а Iен ца велира.
– Шен халкъана дуьхьалваьллачу стагана кхочу дакъа ду хьоьга кхаьчнарг а, – элира цо шогуо. – Кхузахь цецвала хIумма а дац, господин поручик. Марша Iойла хьо!
Чомакх цецваьллачохь а витина, шен говрана тIе а хиъна, меллашчу болaрeхь жимма лаха а ваьлла, лекхочу гу тIехь сeцира Абросимов. Кхузара дIа шера гора хил дехьара позицеш. Коьжалкан-Дукъан къилбасeдexьара когаш дIалaьцнера ГIебaртойн полкан йеа батальоно, дошлойн йеа сотняс. ТIаккха, Яьссех дехьа а ваьлла, говр йоргIа а йаьккхина, командни пункте вахара иза.
Коьжалкан-Дукъана дуьхьал лекхачу гу тIехь шина йоккхачу тоьпана уллохь турмалца хьалхара дукъ толлуш лаьттара полковник. Цуьнан отряд кийча йара штурмана, амма дукъана къилбаседехьара схьа тIелата йезачу отрядера хIинца а хаам бацара.
– ХIун хилла-те царна? – синтем байна хьийзара Батьянов. – Сигнал хIунда йац?
Эххар а, дехьара батарея тIамна кийча хиларан хаам беш, Iисин-Юьртана тIехула хьалайахара ракета.
– ХIан, Делан гIоьнца! – элира Батьяновс, тIаккха нийсса ирх лаьцна куьг, тур тухуш санна, охьаластийра.
Цхьатерра тоьхначу шина йоккхачу тоьпо леpгaш къардира Абросимовн. ХIаваэхь цIийзаш боьду ши хIоъ, дукъа тIе ца кхочуш, лахо баса кхийтира, шина диттан баххьаш а хедош.
– Йаккхий тоьпаш йуза! – поручике команда дира полковнико. – Жимма лакха лаца. ТІетоха!
ШолгIа бахана ши хIоъ Iалашонна тIекхийтира. Амма цигара схьа дуьхьал кхусcуш топ йоцуш, тийна дара. Иттеx xIoъ тоьхначул тIаьхьа, штурм йолайе аьлла, сигнал йелира полковнико. Массанхьа а йоьзан зурманаш а, вотанаш а йийкира. Лаха чохь лаьттачу ГІeбaртойн полкан шина батальонах цхьаъ а, гIашбевллачу гIалгIазкхийн а, салатавхойн а дошлой а, тоьпаш хьалха а лаьцна, чехкачу болaрахь хьуьн чохь къайлабевлира.