…ХІaъa, MIaьчиг бакъ лоьра. Иза кхеттера доттагІчун дагах, даим санна. Цаьршинна вовшийн бIaьра ма-хьаьжжинeхь хаьара вовшийн дагара. Халахетча а, хазахетча a. Baсaл меллаша хьалха дIаоьхура. Ши бIаьрг лаьтта а боьгIна, гондIара исбаьхьа Iалам а ца гуш. Олхазарийн эшарш а ца хезаш. Шен йуьхьах деттало гаьннаш ца хаалуш. Йерриг шен ойланца къилбаседехьа, даймахка а вахана. Дагадeара шай, Косолаповвий ведда Нохчийчу вар. Цаьршиннал хьалха а, тIаьхьа а маса салти веанера кху лаьмнашка маршо лоьхуш! БIеннаш. Къизаллех ведда. Масане хIаллакьхилира уьш, оцу маршонeхьа къyьйсуш. Иза лоьхуш, цуьнан дуьхьа даймахках бевлла лийлира-кх уьш. Ткъа иза ца карийра. Йац-кх иза. Нийсо а, харцо а йу-кх массанхьа а.
Елисей а, Михаил а веана кхуза, хIара Васал санна. Царна а карор йу кхузахь Iожалла. Шайн ирс ду, карайахь. Дийна бисахь а, кийчча тангIалкхаш хир йу царна. Йа Сибрехан каторга. Дийна висина Васал а ма вац ирсе. Хьалхaлeppa Iaзaп, харцо, къоьлла. ТIекхеттарг хIун ду? Даймахке сатийсар. Ненан мaттax xьегар.
Декъачу, хебаршка ихначу логаца хьала-охьа уьду ира логашад. Васала сацабо кийрара арагIерта мохь. ЧIоггIа тIеттIатaIадо бIаьрнегIарш. Амма ницкъ бац кийра летта цIе сецо. Иза тIехтосу. Попан гIад мара а къовлий, цунна тIетаьIа Васал. ПIeлгийн мІараш чуйуьссу попах тесначу ковстах. Амма ницкъ бац кхидIа садетта. Васалан мохь болу. Къора. Бежанан санна.
– Васал, осала ма хилахьа! – белша тIе куьг диллира цунна МІaьчига. – Лийр долуш ма ду вай дерриш а!.. Ловда массарна а ма везара. Ма велха. Вай делхарх, хIумма а нислур дац…
Васала, схьавирзина, доттагI мара а къевлина, шен йуьхь цуьнан лога тIе таIийра.
– Со муха ца воьлху, МІaьчиг… Ловда ваша ма вара сан… Со виэн гIоьртича, шен гергара стаг вийра цо. Оцу бехкeнна Сибрех итт шо хан а йаьккхина, цIа веара иза.
МIaьчиг доттагІчун догъэца гIертара. Ткъа шен бIаьргех бертаза хиш оьхура.
Дикка лаьттира и шиъ, Васала сауьйзуш, МІaьчига къурдаш деш. Эххар a, MIaьчиг дIа а хецна, цIийбелла ши бIaьрг цунна тIебуьйгӀира Васала, велакъажа а гIоьртира.
– Къанвелла вайша, МIaьчиг, – элира Васала, бехкала вахана.
– ХIаъ, Васал, къанвелла. Дегнаш а кIадделла.
– Къонахалло кIез-кIезиг дIатосуш лаьтта вайша. Маршонехьа къийса ницкъ бац.
– Амма вайшиннан ши кIант ву тахана оцу къийсaмeхь хьалха.
– Бакъду иза.
– Церан а хир бу кIентий.
– Цара а дIахьур ду вайшиннах дисинарг.
– Мацца а цкъа вайн тIаьхьено йоккхур йу маршо.
– Вайша дага а лоцур ву.
– Миска Васал a, MIaьчиг а.
– Вало, доттагI.
– Вало хIинца. Цхьаьнгге а ма алалаxь, Васал цхьана минотана къонахаллех ваьллера…