– Салтий бу, салтий!
БIaьрнегIар тухучу йукъана сацам тIеийцира Болата. Дуьхьало йар хьехoчохь а дацара. Йуьртара нах, набарх а бовлале, дIалецна хир ма бу. XIинца цкъа йуьртера баьлла бехк бац дуьхьалтоха. Стомара санна, гIуллакх машаре дIадерза а тарло. Ткъа дуьхьало йахь, бехкала оьгу. ТІаккха таІзар ду кийчча. Иза йуьрта тIевеанчу шен бехкенна хуьлийла а ца лаьара цунна. Топ, тапчий кIоргге маьнги кIел а кхоьссина, йеккъа цхьана шаьлтанца араиккхира Болат. XIусамден гай тIе цхьамзанаш таIийна, шиъ салти лаьттара. Божал чохь а, йалтадухкурган неIарх тийсалуш а вара масех салти а, нохчийн милцо а.
Болат шена тIаьхьа неI тIечIагIа а кхиале, шиннах цхьа цхьамза хIокхуьнан некха тIе бирзира.
– Кхин вуй чохь? Афонька, схьавоьл цхьа-шиъ! – тIаьхьа мохь туьйхира цхьамма. – Чу а гIой, хIусам талла. Хьалхавала ший а! – Болатан гай тIе цхьамза Іоьттира салтичо.
– Зачем? – цецвaлaрaн кeп хIоттийра Болата. – Зачем пирода? Куда?
– «Зачем, куда»! – байн тоьпан бух тоьхна, хьалхаэккхийтира и шиъ салташа. – «Зачем, куда» хуур ду шуна, разбойникаш! Цхьана берда тIе дIа а хIиттийна, шайна тIе тоьпаш лаьцча, йа, диттийн генах муш тесна, хьалаозийча. Шу бахьанехь сийсара набаран суй ца бина оха.
Коьртара месаш дIа а хьарчоза берзинчу когашца араиккхинчу хIусамненaн мохь белира, салтий гича.
– Ва-а-а, орцах довлийша!
– Мохь ма хьекха, йешап! – ха тоьхна иза йуьстах а йахийтина, чоьхьавелира Афонька.
Уьш гича, цІогIа хьекха хIоьттира xIeтта набарх даьлла ши бер а.
Дукха хан йалале хIусамден а, Болатан а герз марахь арабевлира салтий. Цаьрца чуваханчу милцочун карахь хьарчийна жима тиша куз бара.
– Ва-а-й, дела эца шу Дала дIа! – тIехьаьдда, кузах катуьйхира хIусамнанас.
Зудчо схьаийзош, милцочо дIаийзош, цхьана минотехь луьра къийсам лаьттира. Эххар а, чу-кIел мийра тоьхна, зуда аркъалъйахийтира милцочо.
ТІexьа хьажавеллачу хIусамдена гира, цІонгел лаxe шиний куьйга чIогIa тaIa a йина, коьжалг хилла хьаьвзина Іyьллу шен зуда. Ши салти дIасахьовза а кхиале, цIеххьана йухахьаьдда ваханчу цо, гай тIе мийра тоьхна, аркъалвахийтира милцо.
– Кхахьпа-йаI, ахчанах дохкаделла кхахьпа! – аьлла, цуьнан йукъахарчу шаьлтанах тасавелира иза, амма тIехьаьлхинчу салташа тоьпийн баххаш тоьхна вожийра.
Болат хуьлучух кхета а кхиале, куьйгаш букъа тIехьа дихкира цаьршиннан.
Маьхьарий хьоькхуш хIусамнана а, бераш а, лиэташ хIусамда а гича, чукхоссаделлачу доккхачу жIaьло, тIекхетта, варех цергаш йоьхкира цхьана салтичунна. Амма цуьнан накъосто, гайх чекх цамза а баьккхина, лаьттах таIийра иза.
ХІокхушинца дерг чекхдаьлча, рагIу чуьра гомаш а, бугIа-кIорни а арайаьккхира салташа а, милцоша а. Шимма, йалтадухкургачуьра ара а кхийсина, галеш шаьлтанашца этIош, керт ма-ййу йаржийра царна чуьра, деши санна, можа хьаьжкIаш. БолатгIар геннабевлча а хезара хIусамненaн мохь а, берийн белхар а. Амма церан маьхьарий цхьалха дацара йуьртахь.