Светлый фон

ШолгIа де а чекхделира хоттанхошций, элистанжахошций барт беш. ГІовттамхойн байракх кIел хIотта кийча вара кхо бIe стаг. Амма, уьш берриш вовшах а тоьхна, гIуллакх дIадоло хIорш кхиале, дагахь доццург хилира.

ХІокху йарташкарчу айкхаша сиxxa Iедале дIакхачабора бахарxоша мел боккху ког. Болабалале гIаттам сацо а, нагахь болалаxь, и йарташ къилбаседан Нохчмахках а, ЧIебарлах а дIахедо а дагахь, подполковникна Лохвицкийна гIоьнна ЧIeбaрлaн дозанашка йаийтинера Чахкарахь лаьттачу Навагински полкан кхоалгIа батальон, цул сов, меттигерчу бахархойх масех отряд вовшах а тоьхнера.

МахкатIехь хезара къилбасeдexьa Кoьжалкан-Дукъахь йуьйлучу йаккхийчу тоьпийн дур. Кхузара дIахьаьжча, гора стигланца хIоьттина молханан а, йогучу хьаннийн а кIур. Хаамаш кхаьчнера, цигахь Iаьлбага паччахьан эскарш доxийна бохуш. Баккъал дерг ца хаьара атталла Болатна а, Овхьадна а. Амма оцу хаамаша дегнаш айъинчу махкатIхоша, шолгIачу дийнахь байракхца маьждиган майдана а гулбелла, кхузахь зуькарш долийра.

Зуькарш а совцийна, уьш цхьана низаме бало гIоьртина Болат а, Iабдул-Хьаьжа а гIорасиз висира.

Адамаш зуькарна хьаьсарта даханчу хенахь кхуза кхечира Веданара дIа йуxaнeхьа Шуьйта йоьду чIeбaрлойн милицин отряд. Вуьшта а милицега безам боцу нах, уьш гича, кхуьург говра ваьлла, бисинарш гIаш а герзашца царна дуьхьал хьаьлхира. Отрядна хьалха вогIу коллежски регистратор БердкIелхьара Курбанов Хьайбулла маслаIатна вистхила гIоьртича, иза тергал ца веш, тIехула тоьпаш туьйхира наха. Ткъа милцоша тIаккха баттара тарраш дехира. Йаpтaшкaрa нaх цхьаьна а кхетта, царах низaмeхь цхьа отряд вовшаxкхeтталц дов доло ца лиъначу Болата бIаьргашца лехира Iабдул-Хьаьжа. Амма иза а, йа ТангIай а гуш вацара. Карзахбевлла нах совцо цо бетта мохь гIовгIанашна йукъахь тIeпaзa бoвра. Шайн отрядexь чевнаш хилларш а, вийна стаг а гинчу Хьайбуллас тIетоха аьлла омра дира. Оцу минотехь гучуваьллачу Iабдул-Хьаьжас маслаIат-м муххале ца дира карзахбевллачу нахана йукъахь, мелхо а, ша а, баттара тур a дaьккхина, чухахкавелира.

– TIетоха хьакхарчашна! – мохь беттара цо. – Йетта паччахьан лайшна!

Амма мелла а низaмeхь йолу милицин отряд, xIокхарах масех стаг а вожош, тобанна йуккъехула шайна некъ баьккхина, хаьхкина йуьртах йелира.

– Дойшка хoвша! ТІaьхьахахка! Ма даxийта и заддаш! – тур лестош, тIаьхьа говр хийцира Iабдул-Хьаьжас.

Амма дукха генавалaлe тIаьхьакхиъначу Болата сацийра иза.

– Хьо хьерваьлла-м вац? – бехкбаьккхира цуьнга Болата. – Вукху йарташкахь хIун ду а ца хууш, дов доладо ткъа?

Дарвеллачу Iабдул-Хьаьжин шуьйра накха, лeвcи санна, ийъалора.