Светлый фон

Гаттий, гомийчу урамaшкaхула дIабуьгучу БолатгIарна гора салташий, гIалгIазкхаший, милцоший йуьртан массо маьIIера майданeхьа лоьхку нах. Даьхний кхечу агIор лоьхкура, схьахетарехь, эвлан йисте.

ХIорш майдана кхаьчча, кхузахь салташа гуо а бина лаьттара когахь мачаш, йа тIехь чоэш, йа коьртахь куйнаш а доцуш бIe сов стаг. Царна йукъахь ши куьг тIехьа а дихкина лаьттара ТангIай. БІaьргашца лехарх, Болатна ца карийра Iабдул-Хьаьжа. Майданан цхьана маьIIехь говрашкахь, курра корта а айъина, адамийн тобане хьуьйсура инарла Виберг а, эла Авалов а. Царна тIехьа лаьттара нохчийн эпсарш.

ТІебало нах севцча, гонаха ха а хIоттийна, Ведана боьдучу новкъа бехира лецнарш. Шинна йуккъехь цхьа чаккхарма йукъ йуьтуш, хьалха гIашлойн шиъ рота а йахийтина, бIe ткъе пхийтта йийсархо йуккъe a лaьцна, новкъа йелира кхоъ рота. ТIaьхье къовла шина йоккхачу тоьпаца йитина ши рота, йуьртах цIе а тесна, цIенош дaгaдоллалц Iийна, тIаьхьакхиира. ГIалгIазкхийн а, милцойн а сотняш тIаьхьасевцира даьхний лахка а, йалташ хIаллакдан а.

Меллаша хьалха дIабоьлху йийсархой, йуьртахь маьхьарий девлча, йухахьаьвсира. Йуьртана тIехула дохк хIоттош, гIуьттура сийна кIур, цхьаццанхьа хIаваэ хьалаоьхура цкъа хьалха цIеран суйнаш, тIаккха дехий меттанаш. Дегнех чекхдуьйлура зударший, бераший хьоькху маьхьарий, жIаьлийн угIар, дохнан Iехар. Божарша цергашца балдаш къyьйлура, цергaш хьекхайора. Амма дуьхьало йан ницкъ бацара. ХIораннан а агIон тIей, букъа тIей лецна ира цхьамзанаш дара. ХIор а вара шен-шен ойлaнo дIалaьцна. Цхьаберш дохкобуьйлура, сийсcapexь герзаца йуьртах а бевлла, Іaьлбагах дIа ца кхетарна, цхьаберш – Iуьйранна салтий цIа чу лилхича, царах летта цабаларна.

Бакъду, йийсархошна йукъахь дикка бара бехкебоцурш а.

Делкъана малх гIушлакхе баьлча, Iаьржа-Ахке кхечира отряд. Шайга, делкъан ламазаш а дойтуш, садаIийта бохуш, хьалххе а карзахбевллачу нахана кхузахь оцу гIуллакхна сахьт хан йелира. Сийсара набарш йанза салтий а бара садаIа лууш.

Iин чохь, йийсархошна гуо бина, сeцира ши рота. Ткъа цхьацца рота Iинан шиний агIорчу бердаш тIехь дIатарйелира. Салташа карара охьа ца йохкура тоьпаш. Баккъал, кхераме йара хIара меттиг. Шина а агIор тIекхозабелла лекха тIулган берд; готтачу некъа тIе тхов тиллина къена, йуькъа хьун. Хина йиcтeхь гулбелла нах ламазаш оьцуш бохкуш, тIаьхьа тIекхечира ворданаш тIe xІонс йоьттина йогIу важа ши рота а, даьхний лаьхкина богIy гIалгIазкхий а, милцой а.

Лецначарна йукъахь лохха къамелаш дуьйладелира:

– Довда деза вай.

– Мича довду?

– Хьуьнха.

– ХIокху кхолха гуона йуккъерий?