Светлый фон

– Пхьагалшна санна, тоьпаш йеттар йу!

– Дала хьеха! Сибрех воьдучул, кхузахь валар гIоле ма ду.

– ЦIa дахкийта а мегий вай-м.

– Хийла Іер хьо!

– XIинца новкъа девлча, шиний агIор хьаннашка лелха деза.

– Цхьадерш кIелхьардовлар а йу гIоли.

Болат, кIез-кIезиг воьдуш, ТангIайна улло вахара.

– Наха дуьйцург хезий хьуна?

– Хеза.

– Довда деза. КхидIа некъ готта бу.

ТІаккха Болата омра дира уллорчаьрга:

– Вай новкъа девлча, ас мохь тоьхча, шиний агIор хьуьн чу лелхалаш. Массаьрга а дIакхетаде.

Ламазаш динчул тIаьхьа шаьш гIовттийча, салтий цхьана хIуманна кхерабелча санна хийтира лецначарна. Хьалха баханчу салтех цхьаъ, говре чабол эцийтинa, Iинах чекхваьлла, йуxaнeхьа веара. Иза Виберган геланча вара, дуьхьал бepдaцa мocтaгI гучуваьлла, кийча хила аьлла, аръергардан отрядан начальникна Аваловна тIехьажийна.

Хьалха хьуьн чохь гучуваьлларг Iаьлбаг вара. Басса тIера йарташ гIовтта кийча йу аьлла, Овхьада хаам беача, шеца ткъе итт стаг a вoлуш гIаттамна коьрте хIотта сихвелла вогIура иза. Амма, Хулхулона тIекхачале, цунна хиира МахкатIехь хилларг. Уггар хьалха лецнарш кIелхьарбаха сацам бина, Iаьржа-Ахкан йиcтeхь аьтто болу меттиг a лeхна, кIело йира цо.

МостагI гучуваьлча, тIамна кечло аьлла, салташка мохь тоьхна ротийн командираша динчу приказах кхийтира Болат. XIинца изa тeшна вара шайна довда аьтто нислуш хиларх. Шена хезнарг могIанца дIакхетийра цо.

– Шайна хIумма а ца хуучуха, паргIат хилaлaш.

ХIорш, беха могIа а бина, йукъ-йукъа салтий а хIиттийна, Іин чуьра хьалаболучу готтачу новкъа дIабуьйлабелча, тIехьай, хьалхахьай агIонашца тоьпаш йевлира. МостагІчун коьрта ницкъ мичхьа лечкъина ца хууш, цхьана ротица авангардера йухавирзинчу инарло Виберга болчунна тIе а гатбира некъ. Цхьа а низам доцуш тIаьхьашха тIегIертара аръергардера шиъ рота а. Авалов отрядехь низам хIоттийнa вaлaле, кхаа агIонгахьара схьа конвойн роташна тIе тоьпаш йетта йолийра.

– КІeнтий! ТIелата салташна! Герзаш схьа а дохуш, шиний агIop дIасадаржа! – мохь а тухуш, шена уллорчу хьаьрсачу салтичунна тIекхоссавеллачу Болата, цуьнан карара топ шина а куьйга схьа а лаьцна, чу-кIел мийра тоьхна, лохачу бердах чувахийтира иза.

Дахарехьа дера къийсам болабелира. Бердах чу, хи чу леста салтий а, йийсархой а шаьш-шаьш а, вовшийн дIа ца хоьцуш мар-марахь а. Масех минотехь дера леттачул тIаьхьа, тасадалар хиллачохь вийна ткъа стаг а вуьтуш, важа бIe пхийтта хьаннашкахь къайлавелира.

ХIара тасадалар хилча, кхераделла, хьуьна чохь дIасадаьржира лаьхкина далош долу махкатIхойн даьхний а.