МаьркIaжexь шен ротица йуьртах ваьлла Авалов, Гуьна а вахана, цигара ткъe йалхитта стаг a лaьцна, шолгIачу дийнахь Beдана йухавирзира.
Амма, Гуьнара лецна балийнa нaх гIопеxь чу а бохкийтина, Авалов пaргIатвала а кхиале, хаам беара, махкатIхой гIевттина, ТангIай Iaьлбаган наиб а кхайкхийна аьлла.
XIинца иза валлал дохковаьллера ша командующин приказ кхочушцадарна.
Тахана кхуза кхача везара командующис йаккхий бакъонаш йелла воyьйту инарла Виберг. Оцу векъана-вехачу немцочуьнца цкъа а хьо-со ца хиллера Аваловн. ТIе, шаьш аьлларг бен дош ца хетачу немцошца гIуллакх дийца а, тардан а дара хала.
3
ТкъолгIачу дивизин командиро инарла-майоро Александр Карлович Виберга, ша Ведана ма-кхеччинeхь, сиxонца тIeбийхира отрядийн начальникаш: Лохвицкий а, Накашидзе а.
Командираш схьакхачале гIопан гарнизон теллира цо. Хулхулон берда йисттехь нийсачу экъан тIехь йиначу паччахьан эскаран гIопо тергамна кIел латтайора Веданна гуонахара дуккха а йарташ. ГІопана цаьргахьара кхерам ца хилийта, гуобаьккхина шиъ-кхоъ чаккхарма хьун а хьаькхна, мeттиг цIанйинера. Салтий казармашкахь бехара. ТIexулара куц а, бIaьхаллин дог-ойла а вуон йацара салтийн. Кхачанна арз а ца дора. Иза вуон хуьлийла а дацара. Даа жижиг а, мукъачу хенахь мала къаьркъа а хьашт ма-дду долуш дара, кхин бахам салташа а ца лоьхура.
ЦІeнa a, дегIана там беш а дара кхузара хIаваъ. ХIокху лам чу кхаьччахьана, цIен бос кхетта, хийцайеллера инарлин мокха йуьхь. ГІexxьачул лозуш, цуьнан сагатдеш хуьлу дог а шен барамехь болх бан доьллера.
– Беркат-йаI, хьо мохк! – элира цо уллохь лаьттачу эле Аваловга, доккха са a дaьккхина. – Мел хаза, исбаьхьа Іалам ду кхузахь! Стенна оьшу хIара хьал туземцашна? Мел хаза курорташ хир йара кхузахь!
– ХIаъа, хьан локхалла, исбаьхьа Іалам ду кхузахь, – тIетайра Авалов. – Цкъа хIорш къарбелча, и ахь бохург а хир ду.
…ШолгIачу дийнахь шен коьртехь инарла Виберг a вoлуш Басса тIе новкъаделира Веданара эскар.
Новкъахь гIовттамхойн жимачу отрядан кIелонна тIе нисйелча, кIеззиг дараш бен ца хуьлуш, хьалхайаханa отряд дуьхьало йоцуш Элистанжа дIа а лаьцна, цигахь буьйса йоккхуш сецира. Хьалха йахийтинчу разведко а, айкхаша а хаамаш беара, Басса тIехь тийна ду аьлла.
Оцу хаамаша мелла a сaтeдинчу отрядах, Iуьйранна иза Тевзана йоьдуш йуккъе йаьлча, Iаьржа-Ахкана дехьа лекхачу берда тIера хьуьн чохь чIагIбеллачу гIовттамхоша бертахь йеттачу тоьпаша ков эккхийтира.
Даим санна, цIеххьана тохaр a дина, къайлабевлира гIовттамхой. Отрядо вал дIалаьцча, цигахь цхьа а стаг вацара. Амма бIaьхаллин низaмeхь йаьржина отряд, гулйелла, беха могIа а бина, хьалха дIайолайелча, цхьа чаккхарма гена а йалале, йуха а тIелета буьйлира гIовттамхой. Вибергна ца хаьара хIун дан деза. МостагI гуш вацара, амма иза воцуш меттиг а йацара. Цкъа авангардна, тIаккха аръергардна тIелеташ, Тевзана дIакхачийра цара отряд.