– Хьерадaьлла адам соьга сацалур дац, эла. Ас сайн ницкъ кхочург дина. Наха ладогIац соьга.
– Ткъа хIунда летта махкатIхой милицина тIе? Цхьаъ виэн а вуьйш, масех стагана чов а йеш? – аз айдира Аваловс.
– Берриг бехк оцу Іовдалчу чIeбaрлошна хьалхаваьллачу Хьайбуллин бу. Цуьнан гIуллакх дацара пIерасканан дийнахь зуькарна гулбеллачу нахана йукъаэккха.
– Хьо варий цигахь?
– Со хиллехь-м, и дов хир ма дацара.
– Милцой, муьлхха салтий санна, паччахьан эскaрeхь гIуллакх деш нах бу, – оьгIазвахара Авалов. – Шун йуьрто, дуьхьало йина ца Іаш, зулам а дина царна. Изa дappexь бунт йу. Йуьрто жоп дала деза хIинца, йа бехкениш схьало, йа, ас айса къастийна, нах дIабуьгур бу шун.
– Бехке хьан милцой бу, – кхоьссира ТангIайс. – Доцца аьлча, Іовдалчу, къизачу адамех вовшахтоьхна и гIера. Эхь, гIиллакх, къинхетам хIун йу ца хуу къуй, талорхой! Тхан йарташ, девнна йуккъа ца гIерташ, йуьстахлаьттина. Таханлерниг а хир дацара, и хьакхарчий кхуза ца нисйеллехь.
ХІeтталц вист ца хуьлуш ладоьгIуш Іийначу кIайн йеха, шуьйра маж, дуькъа мекхаш, цIен бос бетталуш горга йуьхь йолчу воккхачу стага, хьала а гIеттина, шен хьекъале Iаьржа бIaьргаш Аваловна тIебуьйгIира.
– Йуьртах къинхетамбар доьху оха, эла, – долийра цо мукъаме кIедачу озaца. – Таханлера зулам цхьа масех стагера даьлла. Оха тxaьш таІзар дийр ду царна.
– ТаIзар аш дийр дац, Iедало дийр ду, – йукъахвaьккхира иза Аваловс. – ЦIершца схьабийца уьш.
– Тхо цa кхиъна бехкeниш къасто, – паргIат жоп делира воккхачу стага. – Кхана къастор ду дерриг. Сихделча, гIалатдовларна кхоьру тхо. Iедал йукъа а ца гIертош, тхоьга тхайгга къастадайтахьа и гIуллакх. Аш цхьа масех стаг лаьцча, бисинарш карзахбевр бу. Тхан а ву вийнарг, чевнаш хилларш а бу, зиэн шиний агIорхьарчарна цхьатерра хилла. ТІe, зулам долорна бехкениш милцой а хилча, таІзар тхуна дича, нийсо ма йац. Йурт карзахйаларна кхоьру тхо, эла. Дов кIам цa дeш дитaр гIоле йара.
Воккхачу стеган хьехар хьекъале хийтира Аваловна. Изза дагахь ма веанера и шa a.
– Шайн йарташ Iаьлбагах дIакхетар йац аьлла, дош далалур дуй шуьга?
Массарна а тIера жоп делира безамечу воккхачу стага.
– Нехан дегнаш къайле йу, начальннак, амма хIинца цкъа машаре ду йуьртахь. Тхешан ницкъ кхочуш, зулам долуьйтур дац оха.
– Аш хIун олу? – йуьртдайшкахьа вирзира Авалов.
– Домби бакълоь. Тхайн ницкъ кхочург дийр ду-кх оха.
Авалов хьалагIеттира.
– Дика ду. Областан начальнико суна тIедиллина шун йуьртана луьра таІзардар. XIинца цкъа, шун дашах тешна, дIавоьду со. Амма, хаалаш, нагахь таханчул тIаьхьа шуьгара цхьа чо гIалатло йалахь, къинхетам хир боцийла.