Ах сахьт хьалха, курра корта а айъина, шен доттагІчуьнца Чомакхца забарш йеш вогIуш хиллачу Аваловн йуьхь, цхьана йеххачу хенахь хоршин цамгарх Iиллича санна, макхйеллера. Ах сахьт хьалха цуьнан догдохийла йара Басса тIехь машаре хиларе. XIинца и дегайовхо тIекIелйаьллера буxера дуьйна…
Сайга далург дерриг а ас дина,
Кхин а тIех дика изa дaлур долчо – дейша.
Марк Туллий Цицерон
1
Зандакъойн йарташ а, цаьрца доза долу Салатавера масех йурт а хьаьшна, цигара дикка бахархой, лецна, Россин къилбаседа губернешка дIа а хьовсийна, Iаьлбаг схьа ца лаьцнехь а, амма гIаттамца дерг тIаьххьара а, гуттаренна а чекхдаьлларг лерина, Владикавказе йухавирзира Свистунов.
Амма кху тIаьххьарчу деношкахь телеграфо а, геланчаша а бохьучу керл-керлачу хаамаша гойтура иза гIалатвалар. Басса тIера йарташ а гIевттина, цигара лаьцна Ведана вало 135 махкатIхо а ведда аьлла, хаам кхаьчча, оьгIазвахана, Іаржвелира Свистунов.
– Эхь ду-кх иза! – хьалха Iуьллу кехатийн туп, схьа а эцна, ластийна стоьла тIе тоьхна йаржийра цо. Коре вaханa, иза дIа а диллина, логера кочан мIерий дIахийцира.
Дехьо, аллеян IиндагIашкахь, кортош тIе къорза четарш лаьцна, дIасхьайолайелла лелара къона ши йоI.
Жимма волавелча, стоьла тIе йуха а вирзина, Аваловга кехат йаздира цо.