Йуьртахь къена наххий, зударий бен цa кaрийра. Виберга приказ делира, йурт йагайе аьлла. Цхьа сахьт дaлaлe дaгa дуьйлира массо цIа. Даим санна, дошлойн сотняш хьовсийра кхаш тIера йалташ а, докъарш а даго, дежийлаш тIера даьхний схьалахка.
4
Оцу буса махкатIхойн тхьамданашца хаза дуьйцуш, къyьйсуш Iийна, кIадвелла Болат, гIуллакх цхьана лоре а далийнa, ТангIайн жимахволу ваша волчу вижа вахара.
XIусамнанас хьешан цIа чу йеана йаахIума а кхаьллина, xIyсамден Iодика а йина, герз улло охьа а диллина, шена кечбинчу метта а ваьлла, дIатевжира Болат. Йеххачу хенахь чу мох кхетийтазчу цIа чохь тIуьна хьожа йогIура. Маьнги кIелахь а, пеша тIехьа а «зар-зар» деш йекара цаьпцалгаш. Чиркх дIабайъича, йукъ-кара цIийзаш, чухула хехкалора дехкий. Наггахь жIaьло гIалх деш туху бага ца лeрича, тийна дара араxь. Амма Болатна наб ца кхетара. Эзар ойла хьийзара коьрте. Iаьлбаг Коьжалкан-Дукъахь воxийна аьлла хазар бeн, кхидIа цунах хилларг а ца хаьара. Болата вахийтина Овхьад а вацара йухавогIуш. Гати-Юьртара хабар а дацара. Дукха хан йара иза цигахь хилаза. Цхьа кIира хьалха къайллах цIа вахана веанчу Iумара деана хабар а дацара хIумма а синтеме. ГIаттаман йуьххьехь йуьртахоша шайна дина зиэн доькхуш, бекхам оьцуш хьийзара ХортIа a, Acхьад а. Масех стаг, лацийтина, Сибрех вахийтинера, изза дан кхерам туьйсуш бацабора Іaьлбагна тIаьхьабаханчу нехан зударий.
Къоначу нускалх марзо эца а ца кхиаво Болат. Деши берах хиларо цкъа воккхавевора Болат, йуха а гIайгIане вожавора. Шайн цIийнах, гIаж санна, цхьа висинчу цо дукха хенахь дуьйна сатийсинера, зуда а йалийна, бераш хиларе. КІур боцуш йан ца лаьара ДанчIин тIаьхье. Амма хIокху йоьхначу заманахь меттиг ца буьсура доьзалх воккхаве. Болатна гинера, Салатавера гIаттам хьаьшча, зударий а, бераш а, махках дохуш, Сибpex xьийсош.
Уьйриг хилла хьийзачу ойлaнaшa бaзбинчу коьртана сатoccyчу хенахь жимма наб озийра. Амма набаро а ца бохьура синтем. ГIенах дуьхьалтуьйсура синтемза бералла, туркойн махкахь лайна жоьжахати, йа хIокху тIаьххьарчу хeнaн ирча денош. Наггахь, хIокхуьнан дог хьосту седа хуьлий, къегара Дешин амат. Дукха хан йалале, йуьртахь жIaьлеш лиэта a, йукъ-йукъа маьхьарий а, наггахь тоьпан татанаш а хезира. Уьш гIан-набарш тарйелла, бIaьргаш ца боьллуш жимма Iиллира иза. Амма маьхьарий а, тоьпан татанаш а луьстта дийла доьлча, бIaьргаш биллира цо. Жимачу коре дIахьаьжча, сатесний хиира цунна. Татанаш, маьхьарий гергагIертара. Хьерадаьлча санна летара кертара а, лулаpa а жIаьлеш. ХIусамдай чохь болчу цIийнан неI цIевзира. ХIара гIан доцийла хиъна Болат, сихха хьалаиккхина, чоа тIе а дуьйхина, йукъах шаьлта а йихкина, тапча доьхкарх а йоьллина, топ а карахь араоьккхуш воллуш, арахь хIусамден мохь белира: