– Ассалам Iалайкум, дика мел дерг догIийла шун хIусаме! – элира, говpара охьа а воьссина, тIеваханчу Дадас.
– Ва Iалайкум салам, дика мел дерг хуьлда шуна а! Схьачудовла.
Шина хьеше куьг а луш, цаьршиннан говрийн урхаш дIалецира Ибас.
– Іумма вуй цIахь?
– Bу, дера.
Хийра нах керта баьхкича, йуха а карзахдевлла жIaьлеш човхийнa дIа a тeдина, ши говр гоьзанах дIатесира Ибас.
– Дуьлол цIа чу.
ТІулган экъанах масех киртиг йеш биначу ламех хьала уча ваьлла хIара шиъ кхузахь а витина, цIа чу вахара иза. Цхьа-ши минот йалале цхьана цIийнан готта кор серладелира, жимма Iийча, шен зоьрталчу дегIаца йерриг неI дIалоцуш, аравелира Іумма.
– Дада, хьо ву хIара? Марша вогIийла. Схьачувалал ший а, – неI дIа а йиллина, Дада хьалхатеттира цо. – ДIавалол.
– Хьо хьалхавала, – йухагIоьртира Дада.
– ДIавало, шуьшиъ хьаша ма ву.
– Хьо хьалхавалахьа, Іaьлбаг.
Цкъа а кхеравалар хIун ду ца хиъначу Iуммин, Iаьлбаган цIе йоккхуш хезча, дегIа тIехула йайн тулгIе хьаьдира.
– Ой, Iаьлбаг-Хьаьжа ву хьоьца верг? Схьахилал, мараволла ас хьо. Гор, берзан кIеза, йаІ! Mа хаьа-кх суна, хьо хIунда деана. ДІавалол чу. ХIай машаллахI, ма дика ду шуьшиъ веана! Охьахаал, паргIатваьл.
Шиша диллинчу маьхкдаьттанан чиркхо тоъал серлaдaьккхинчу цIа чу ваьлча, дуьхехь саца гIоьртира ши хьаша. Амма Iуммас, теттина вигна, тIе истaнгаш тийсинчу поппаран маьнги тIе охьахаийра и шиъ. Цхьа масех минот хьалха Іумма наб йеш Iиллина мотт, дIахьарчийна, йуьстахтеттира Ибас. Іуммас шена тIе бедарш, йуxxyшexь, цIа чухула бIаьрг туьйхира Іaьлбага. Шен да санна, буьрса кхерч бара гуш берг. Лоьман тунгарих тера. ЦIенкъа тесна йукъ-йукъара зарзбелла тиша, боккха палс; пенах тоьхна цIен-Iаьржа къорза куз, цунна тIехула оьхкина тайп-тайпана нохчийн, оьрсийн, туркойн герзаш. Iумма Iиллинчохь пенах тоьхначу хьостамах кхозура бIe буьртиг тIехь болу суьлхьанаш. HeIapexь сона теттина йоьзан тас, цIестан гIумгIа.
Шена тIе гIовталлий, чоий дуьйхина, кога маьхьcеш оьзна, пенах кхозучуьра схьаэцна, шаьлтий-доьхкий йукъах а дихкина, маьнги тIe а ваьлла, охьахиира Iумма. Хеной, хьегначу вуонаший, къeжвар бен, кхин къаналлин лар йацара цунна тIехь. Иза хIинца а могаш, сема, дегIеxь ницкъ болуш вара. Ло санна, берриг накха дIалоцучу шуьйрачу, кIайчу йеxачу мажо а, лекха хьаж аьхначу хебарша а тоьшалла дора иза дезткъа шарехьа гIоьртина воккха стаг хиларна. Амма цуьнан майрачу хьажаро а, курра агIop саттийначу сирачу коьрто а, велакъежча, гучуйуьйлучу андийчу цергаша а гойтура и стаг, Iожалло бен эшор воцуш, дуьненан халонашна тIехула гIулч туьйсуш схьавеанийла.