Светлый фон

Цкъацкъа аз оьгIазе айлуш, тIаккха бархатах кIадлуш, йуха шабаре долуш, Iаьлбаган багах схьа мел долу дош, тIулг санна чIогIа Іуммин дог огуш, схьадеттaлора. Ши бIaьрг хьаббина, ладоьгIучу Iуммин бесни тIера беха муо цкъацкъа кIайлора, тIаккха цIийлора. Хaлa дaрa сaдeтта. Амма Iаьлбаг бакъ лоьра.

– Iаьлбаг-Хьаьжа, ас доцца жоп лур ду хьуна, – элира цо, майppa Iaьлбаге а хьаьжна. – Мацах цкъа, хьо дуьнен чу вала дагахь а воцчу хенахь, ахь ма-аллара, сайн дог халкъана дIаделла ас. Иза цуьнгара доккхур дац Iожалло бен. Вайн халкъан цхьаболу тхьамданаш догдиллина йа кхерабелла севцча а, БойсагIарца, Атабица, Солтмурдца халкъана коьрте хIоьттира со. Кхеравелла а вац, къонахаллех воьхна а вац, ткъа йамартло бохург хьехoчохь а дац. Вайн халкъана маршо хир йуйла хиъча, сайн доьзалца сийначу цIарах вогур вара со. Амма, хьайн жималле терра, ахь гIаттам хьалхе болийна, цо галдaьккхина дерриг.

Iaьлбаган бIаьргаш ткъесах къегира.

– И хIун ду ахь дуьйцург, ва Іумма-Хьаьжа? Оьрсийн паччахьан кхечу паччахьашца тIом хилча, гIаттам боло шу кечделла Iен дейтта шо ма ду!

– Бакъду иза. Амма хьоьга са ца тохaдeли и де тIекхаччалц.

– Со вац сихвелларг, Iумма-Хьаьжа. Халкъ ду собар кхачийнарг. Тоьур дацара ткъа йалхитта шарахь садиттича? Паччахьан арахьара а, чоьхьара а гIуллакхаш дика дац аьлла хезча, делхьа, хIокху йуккъехула гIевттича, мелла а аьтто хир бацара-те аьлла, долийра-кх ас. Ас аьлча а, берриг тхьамданийн барто. Цхьадика, оццу йуккъехь туркошца тIом а болабели. Вай сатийсинарг хилла. XIинца а стенга ладоьгIу ахь?

– Вайн тхьамданийн барт-м бара иштта, амма ДегIастанара вайн бартахой Уьстамала хьуьйсура. ГІeзa-Maxьмин хааме.

– Ткъа хьо?

– Со а. Лелочу гIуллакхан цхьа лар хила ма йеза. ГІeзa-Maxьмас цаьрга ма-аьллера, гIовтта дезачу хенахь ша хаам бийр бу.

– Иза маца хир ду?

– Кестта.

Iаьлбага, ши бIaьрг хьаббина, корта хьовзийра.

– XIета, ахь дийцарехь, вай туркойн гIуллакхна цIий Iано дезаш хилла-кх?

– XIунда? Оцу девнах пайдаэца гIерташ дац вай?

– Дийца-м иштта дийцинера. Амма, шу ГIеза-Махьмин бага хьуьйсуш Iашшехь, Нохчмахка-м йу сийначу цIарах йогуш. ХIан-xIa, Iумма-Хьаьжа, мел дийцича а, цхьаьна ца догIу вайн дегнаш а, ойланаш а. Со xIетахь а шеквара. Сан шеко чIагIйира Берсас а. Вайна йуккъexь йаккхийра башхаллаш ма йу. Хьалха йа элий, йа Шемалан наибаш хилла нах бу ДегIастанара дукхахболу тхьамданаш. Паччахьо шайна делла хьаькамаллаш кIезиг хета царна. Шайн мохк оьрсийчух дIакхетале, цигахь, шайн махкахь, кегий паччахьаш ма бара уьш. Шайн халкъашна тIехь шайна луъург деш. Иза йухадеза царна. Хьан гIуллакхаш а дац вуон. Цхьа кIант – Шемал – йуьртда, важа Дада – паччахьан эскаран эпсар ву. Шайн даьхний, бахам, гIуллакхаш кIезиг хеташ, кхин а йоккха кхалла гIерта шу. Aьтто нислаxь. Ца нислаxь, таьIна Iен а тарло. Ткъа тхан Iойла дац, Iумма-Хьаьжа. Тхо миска нах ду. Oxa cискал а, маршо а лоьху. Цундела вайн къамел цхьаьна ца догIу.