Светлый фон

Александр Павловича резахилла корта теIабора.

– Вуон план йац иза-м, – элира цо дассаделла стака бошхепа а хIоттош. – Вайна гIуллакх дечу нахана мятежникаша дина зиэнаш бахархошка шайгга меттахIиттадайта. Курбановн уьстагIий а йарташка такхийта. Иза прапорщикан чине ваккха документаш а даийта соьга. Йуха а боxу ас, йарташна таІзар чIогIа дан деза. Iаьлбаган цIе йоккху хезча а, бовдучу баха. Iаьлбаг йуха ЧIебарла ца ваийта, Нохчмехкан доза а къовла. Цига Іaьндойн милици йахийта ала Накашидзега. Ма-хуьллу церан а, дегIаcтанхойн а йукъаметтигаш талхайе. Кхин хIун ду?

– МIаьргонна вицлора-кх со, – хьаьж тIе куьг туьйхира Лохвицкийс. – Селхана Іуммин ши кIант веанера со волчу. Хьан свитехь хилла Дада Умаев а, Зумсойн йуьртда Шамиль Умаев а. Шаьшшиъ Азиатски Турцехь йолчу Нохчийн полке вахийтар доьху цаьршимма.

– XIунда?

– Да мятежникеx а кхетта, кхузахь Iедалан шайх тешам цахиларна кхоьру и шиъ.

– Ахь хIун аьлла?

– Хьан локхаллех дага а ваьлла, жоп лур ду, элира ас-м.

– Хьуна хIун хета?

– И шиъ кхузахь сецо оьшурий-те аьлла хета суна-м. Къаьсттина – Дада.

Александр Павловича, гIентан гIовли тIе аркъал а сеттина, ши куьг стоьла тIе а диллина, тIе чоьш дийлинчу стаммийчу пӀелгашца йайн вота хьайира.

– Мичахь ву Умаев?

– Кхузахь, гIопеxь ву иза-м.

– Схьакхайкхийтал.

Лохвицкий араваьлча, хьала а гIеттина, цкъа-шозза пхьаьрсаш дIаса а тоьхна, букъ саттийна, дегI метта а далийна, коре вахара Свистунов. Кора кIел тIетаьIIина пхьаж кегош йоллура Iаьржа котам. ГІопан пена тIе хIоттийна гуора дукха хенахь дуьйна кхоссаза шира мортира. Дуьххьал – ломаца дIасакхоьссина Iуьллу масех йурт. Царна тIехула лаьтта масех шира бІов.

Эткаш цIийзош, чувелира Лохвицкий. Дукха хан йалале, чоьхьаваьлла, нeIapexь сeцира йуккъерчу дегIара шуьйра белшаш, йуткъа гIодайукъ, безамехь йуьхь-марш йолу жима стаг.

– Хьан локхаллин омрица прапорщик Умаев! – вула а луш, гиччош улло куьг лецира цо.

– ПаргIат хила, – хьаьжайукъ хабийна, куьг тесира Свистуновс.

Александр Павловична дукхазза а гинера Дада. Амма хIинца, шена иза цкъа а ца гича санна, лeррина хьаьжира и цуьнга. Дада кхеттера ша кхайкхаран бахьанах. Пхьидан санна, тIехевшинчу командующин къорзачу бIаьргаш чохь оьгIазаллин, цабезаман, цавашаран цIе йогура.

– Мичахь ву хьан да? – цеpгaш йуккъехула схьaIaьвдира Свистуновс.

– Хаац, хьан локхалла, – бIаьрнeгIар ца туьйхира Дадас.