Iуммас, куьг хьаькхна, шардира шен месала мекхаш а, сира маж а.
– ТIаккха, ши кIант, цIахь хIун ду? Олдам а, Залма а хIун деш ву? Хатта безарш бeрриг могаш буй?
– Дика бохку уьш-м. Шу а деца могаш?
Хецаделла церан къамел ца долалуш, дикка хан йелира. Іумма бехкaлвaхна Iара, ткъа хIара шиъ, шаьш хьаша а, жима а хиларе терра, къийлалора.
Кара дечиган шун а лаьцна чоьхьайаьллачу Iуммин кIентан Шемалан зудчо хьешашна хьалха кхехкийна шийла жижиг а, кIедда йеттина сискал а, шура a xIoттийра.
– Цкъачунна хIара кхаллийша, – элира зудчо, маршалла а хаьттина. – Дукха ца Iаш, йовханиг а йохьур йу шуна.
ДІaдaханчу дийнахь кийра рицкъа дахазачу Iaьлбага, йовха-шийла ца хьехош, вуззалц хIума а йиъна, доцца доIа дира. Шуьнца Иба араваьлча, хьешашна тIевирзира Іумма.
– Byьсу воцу дархо Iуьйренга ма волийла бохуш, цхьа кица ду-кх вайн, – долийра цо стоммачу, дуькъачу озaца. – Суна тIехь кхиэл йан веана хьо, Iаьлбаг-Хьаьжа? Вуьшта, сан сирбелла корта ца кхоор ахь.
Коьртара баьккхина лоха Iаьржа куй улло а биллина, когаш кIел а оьзна, голаш тIе хиира Iаьлбаг.
– Воккхачу стеган къоьжалла цалийринарг ваха ма кхиавойла, Iумма-Хьаьжа, – дакъаделлачу балдех мотт хьаькхира Іaьлбага. – Дайн гIиллакхех доьхначу дийнахь дала вай а дохадойла. Бакъонан кхиэло воккха-жима ца къеставо. Ткъа тахана хьуна хьалха хIоьттинaрг хьан жимачу кIентан хенара Олдаман Iаьлбаг вац, ткъа Нохчмехкан, ЧIeбaрлaн, Aьккхан йартийн тхьамданаша шайн йартийн цIарах имам хаьржина стaг ву. Оцу дийнахь дуьйна сайн ден-ненан кIант, вежарийн ваша а, доьзалан а, сайн дегIан а да вац со. Сан cхьавар халкъан цIарах ду, ас йен йолу кхиэл а халкъан цIарах хир йу.
Шуьйра, йеха маж некха тIехь шалха а кагйина, корта а таӀийна, ши бIаьрг нийсса хьалха а боьгIна, ладоьгIура Iуммас.
– Со кхета хьох, Iаьлбаг-Хьаьжа. Ас лайнарг ду хьоьга кхаьчнарг.
Бехкбоккхуш Iумме а хьаьжна, корта ластийра Іaьлбага.
– ХІан-хIа, Іумма-Хьаьжа, тахана соьгахь болу бала хилла бац хьоьгахь. Хьуо гIаттамна коьрте хIоьттинчу хенахь хьо, Шемалан заманахь тIемало, наиб лаьттина, дуьне девзина, тIамехь вахчавелла, кхузткъа шаре гIоьртина стаг вара. ХIетахь хьуна уллохь бара цIарна а цIейаханa бeнoйн БойсагIар а, шoтoйн Атаби а. ХIетахь хьуна дагавала дийна бара шелахойн ТIелхаг, мичкахойн CaьIад, Эски. Шу кхаанна хьехамчаш бара гатийуьртахойн Аьрзу, Маккхал, шелахойн Берса. Ткъа co, Iумма-Хьаьжа, шуна хьалха бер ду. Цкъа а тIеман кIуьрах хьожа а баккхаза, ткъе йалх шо хенара. Цул сов, xIapa зaмa a, къийсaман Iалашонаш а кхин йу. Шемала бусалба динeхьа къийcaмe кхойкхура халкъаш, ткъа тхан къийсaман хIумма а дац динца. Оха лаьттехьа, маршонехьа къyьйсу. Массо а къаьмнийн. Муьлххачу динeхь уьш делахь а. Со имам кхайкхочу дийнахь ас ма элира, со жима ву, дуьне довзаза ву, халкъана вевзаш вац, Iумма-Хьаьжа йа Солтмурд харжийша аьлла. Йартийн тхьамданаша соьга ла ца дуьйгIира. Ахьий, Солтмурдий гIо дийр ду аьлла, тешийра. Солтмурда, шен са ца кхоош, гIуллакх до. Ткъа хьо хIокху лаьмнашка а лечкъина Ia. Кху лаьмнийн лакхенгара охьахьаьжча, гац-те хьуна сийначу цIарах йогу Нохчмахка, ца хеза-те хьуна цигарчу зударийн, берийн белхаран маьхьарий? Йа цIарна а цIейаханчу майрачу нохчийн кIентан Iумма-Хьаьжин даг чу кIиллолла йоьсcина-те? Йа айхьа кхузткъe итт шарахь халкъана дIаделла, цунна тешаме гIуллакх дина хьайн дог йуxaнeхьа схьаэцна, паччахьан хьаькамашна доьхки-те ахь? Жоп луо халкъана, Дуин кIант Іумма-Хьаьжа.