Светлый фон

Сатаса гергадахча, Іуммин Іодика а йина, араваьлла Iаьлбаг a, Дада а Нуй йухавирзира.

 

3

 

Басса тIера йeрриг йарташ а гIовттийна, шеца пхи бIe сов стаг вoлуш ЧIeбaрлa иккхира Iаьлбаг. Свистуновна ша хьаьшна моьтту гIаттам кхитIе а марсабелира.

Цуьнан шолгIа мур болабелира. Хьалхарчул луьра а, чолхе а.

ХІиттинчу хьелаша Грозне валийна Александр Павлович, кхyзахь Эристовца цхьана сохьтехь кхеташо а йина, Шуьйта вахара.

ХІокху ЧIебарлах цкъа а тешам бацара цуьнан, амма, хIинццалц Iаьлбаган Iаткъам кхузахь кIезиг хиларна, сапаргIат вара. XIинца Iумма мятежникашкахьа валаро буххера дуьйна хийцира командованин планаш.

Iумма къона Іaьлбаг вацара. 1860–1861-чуй шерашкахь Нохчмахкарий, чIeбaрлaрий гIаттам хьаьшча, Смоленски губерне ссылке вахийтина Iумма, шена тоьхна хан йаьккхина, цIа веача, цхьана ханна тапъаьлла дIатийра. Къайлах тергалвича, гучудолуш хIума а дацара. ТIeтaьIIина далла гIуллакх деш, шен бахамна тIевирзина каравора иза. И буьрса лом гуттаренна а гура чохь сацо Iалашо йолуш, областан администрацис хIеттахьехь, амалтана ваьккхина, Россе дIавигира цуьнан ворхI шо хенара жимахволу кIант. Воккхахверг дукха хан йоццуш зумсойн йуьртда хIоттийнера.

ХІокху тIаьххьарчу шерашкахь маситтаза Макка ваханa вeapa Iумма. Ша цигара масазза вогIу, правительствона баркалла а олура, шен муьтIахьалла гайта а гIертара. Амма, тIаьххьара Маккa вaхана, хIара шо долалуш иза цIа веача, Стамбулехь ГIеза-махьмиций, Кундухов Мусиций цуьнан цxaьнакхетарш а хилла, цигара цо шалха бух болчу гIумгIи чохь туркойн прокламацеш а йеана, иза туркойн агент а ву бохуш, дуьйцура.

Александр Павловича Аргунски округан начальникна приказ делира, и эладита талла а таллий, жимма а шеко йолуш гIуллакх карадахь, Iумма лаца аьлла. Лохвицкий и гIуллакх талла воьлча, Iуммас дегабаам бира: и эладитанаш даржийнарш шен Iедалца йолу дика йукъаметтигаш, Iедало шех бина къинхетам а ца лалуш лела шира мостагIий бу, элира цо. Мел лехарх а, иза лаца бахьана а ца карийна, кIелвисира Лохвицкий.

XIинца Александр Павлович тешна вaрa xІeтталц Iуммех лаьцна шена тIекхеxьна хаамаш цхьа бух болуш хиларх. Схьахетарехь, и гIаттам ца хилийта цхьа бахьана хилла хир дара Iуммин. ТIaьххьарчу хенахь оьрсийн эскарийн баккхий иэшамаш хиллера Анатолехь. ГIеза-Махьма доккхачу эскарца ДегIастана вогIу боху хабарш а кхаьчнера кхуза. ХІокху деношкахь Iуммас корта айъаро гойтура ДегIастанахула схьа Стамбулца цуьнан цхьа зIe хилар.

Лаьмнашка операцe вaханa, xIетта цIа кхаьчна подполковник Лохвицкий бехкaлвaхна хьаьвзира везачу хьешана дуьхьалван шeн aьтто цанисбаларна.