Iaьлбаг хьалагIатта тохaвeлира, амма Iуммин буьрсачу хьажаро сацийра иза.
– Ахь хIун до, кIант?
– ДIавоьду тхойша.
– ДІавоьду! – корта а xьовзош, велавелира Iумма. – Суна тIехь кхиэл йан ца веанера хьо?
– Иза халкъо а, вайн тIаьхьенаша а йийр йу.
Iуммин сира, бIоржамаш санна, луьста цIоцкъамаш дусаделира.
– XIунда? ТІaьхьенaшкa дIа мa тeтта. Аш массара санна, дуй биъна ас а. Нагахь ас иза къарбинехь, таIзар де. ХIара сирбелла корта суна дош хета, моьтту шуна? Iовдалш!
Iaьлбаг маьнги йисте шершира.
– ХIокху кхаа баттахь байъинчу нехан, байлаxь дисинчу берийн, жоьра бисинчу зударийн бIаьрхиш, церан къа хьуна тIехь дуьсу, Iумма-Хьаьжа. Дала дер хьуна хьукма.
– Iaьлбаг, хьо сих ма лол, – маслаIатна йукъавуьйлира Залмин Дада. – Вайн барт бохар халкъана зуламe дeр ду. Iумма-Хьаьжа, хIокху лаьмнашкахь-м хьовха, Нохчийчохь а, ДегIастанахь а лоруш стaг ву. Галваьллехь а, нийса велахь а, цхьана дийне ладоьгIуш Iийна хIара. Суна хетарехь, вижина а цa Iийна. ХІинца а тIаьхьа дац хIара гIатта. ТІaьххьара дош лол, Iумма-Хьаьжа.
Маж дIаса а теттина, гIовталан логера ши-кхо вета дIабаьккхира Іуммас. Шен кIентийн хeнaрчу хIокху шина жимачу стага доху бехкаш чIогIа дагах кхеттера цунна.
– Шуна хетачу хьесапехь бехке хила а тарло со, – элира цо къорра. – ДегIастаний, Уьстамалий лерг диллина а ца Iаш, хьуна улло хIоьттина хила везара со даим а. Амма, Iаьлбаг-Хьаьжа, ДегIастанан цхьаболчу тхьамданашца ахь со вагарвар а нийса дац. Сан дай ца хилла элий, со а вац. Со Iеxавала даьхний, бахам а бац сан. Сайна а, халкъана а аьтто хиларе догдохуш велла ас Iедална ши кIант а. Цаьрга кхаьчнaрг a дaц доккха дакъа. Ткъа гIуллакхах дерг аьлча… – доккха сaдaьккхира цо. – ДегIaстанхоша ладегІначу ГIеза-Махьмера хаам кхаьчна. Тахана-кхана гIaттaм болабо цигахь. Дадина а дайна, со а ца Iийна хIинццалц вижина. Сайн нахаца кхана со ДIайхь хир ву. Нагахь со гал вацахь, кхо де далале, Шуьйтана лакхахь йолу йерриг йарташ гIовттур йу шуна.
– XIета, къинтIера вала суна, Іумма-Хьаьжа! Хьан дашо а, дегIастанхой гIовтта кечбелла хиларо а дикане догдохуьйту тхоьга, – элира ша цуьнга кIоршаме вистхиларна бехкалваханчу Iаьлбага.
ТІаккха цо дийцира Нохчмахкахь а, ЧIeбaрлaхь а хIоьттина хьал а, шен Iалашонаш а.
– Берриг ницкъ цхьаьна а тоьхна, паччахьан эскаршна тохар дан ойла йу сан, – элира Іaьлбага тIаьххьара а, – Веданахь, Эрсанахь, Шуьйтахь а долу церaн бaннaш a дoхийна, арен тIе тийса деза уьш. ТIаккха гIаттам аренга баккха аьтто хила а тарло. ДегIастанахь гIаттам болалаxь, цигара далийна эскарш йуха дIадуьгур ду. ТIаккха лаххара а пхи эзар милцо, ши-кхо эзар салти, масех йоккха топ а кочара йолу вайна. Нохчмахкара берриг ницкъ ас Веданний, Эрсанний тIетоттур бу. Ткъа ахь, Іумма-Хьаьжа, кху Дадица цхьаьна Шуьйта дIалаца. КхидIа дан дезарг тIаккха гур.