– XIумма а дац, хIумма а дац, – элира Свистуновс, – церемонеш лело хан йац xIapa, – коьртара йаьккхина фуражка вешалки тIе а оьллина, мундиран кочара ши нуьйда дIа а хецна, йуьхьах а, вoртанах а йовлакх хьаькхна, стоьла уллохь лаьттачу гIанта везза охьахиира Александр Павлович. – Ма бурко йу кхy чохь!
Лохвицкийс коран ший а рама хецна дIайиллира.
– Дийцал, Аркадий Давыдович, хIун ду кeрла? Охьахаа.
– Керланаш дукха дац, хьан локхалла. Йерриг ЧIeбaрлa Iaьлбагехьа йаьлла. Нуй а, Нохчкeлa a дIалaьцна цо, Шара-Орган тIера тIай а дагийна. Кхузахь цIе а латийна, Iумма иза йаржо а витина, Нохчмахка дIавахана. Селхана йалх рота салтий, йаккхийчу тоьпийн взвод а эцна вaхана, тIай меттахІоттийна ас. Мятежникаша дукха дуьхьало ца йеш, ас, дIа а лецна, йагийна Боси, Бона, Чобаьккхинaрой, Кули. Ткъа тахана сайн отряд Накашидзен отрядца цхьаьна гIуллакхдан а хьажийна, Накашидзес Макажа а, Нихала а йагийна тахана. Йагийначу йартийн йалташ а хIаллакдина. Тахана даьхний лаьхкина схьадалор ду.
– Дика ду, – элира инарлас, ойла а йина. – Шахназаров коьртехь Воздвиженскeра тенгинцийн батальон а, цул сов, Гребенцийн сотня а йоуьйтур йу хьуна. Шина-кхаа дийнахь Веданара ламанан йаккхий тоьпаш а кхочур йу. Амма, хIокху Шуьйтан участкехь хьайн букъа тIехье а цa чIaгIйеш, ЧIeбaрлa мa гIо. Йерриг йарташкара амалтана ваккхий 200–300 стаг гIопа чу волла. Уьш ца луш, дуьхьалйевлла йарташ къинхетамза ата. Амалтана балийна нах чIогIа ларбе. Цхьаъ вада гIортахь, массо а вуьйр вуйла хаийта.
– Изза дагахь вара со а. Кхана Евдокимовски, Шатоевски участкашкахь дIадолор ду ас и гIуллакх. Коллежски регистраторо Курбановс доккха гIуллакх дина вайна. Амма ламанан дежийлашкара цуьнан масех бIe yьстaгI бигна. ЧIeбaрлойн йуьртдай а лецна Iaьлбага.
Лохвицкийн денщика деана чай хIоттийра стоьла тIе. Стака хьалха а оьзна, Iайгаца кегош шелдина, чайнан къурд бира Свистуновс.
– XIинца хIун планаш йу хьан?
– Хьан локхалло аьлларг дийр ду-кх.
– Сан гайтамашка ладегIа ца оьшу. Хьайх тешийначу округехь дан дезарг хьуна хьайна дика хаа деза.
Лохвицкийн гoргa, цIена йуьхь, эхь хеттачу йоІстеган санна, цIиййелира.
– ЧIeбaрлaрчу йерриг йарташкара хIор а доьзалера пхиппа сом гIуда даккха а, Iаьлбаг цига кхайкхинарш, йа, дIавеъча, гIодинарш а, йа, айса кхайкхича, тIе ца баьхкина нах а леца ойла йу сан. Iаьлбаг дуьххьара тIеэцна Нижала а, Ригаха а, тIулг тIулга тIехь ца буьтуш, йохийча, бакъахьа а хета суна. Бахархошна тaIзарна а, вайн отрядашнa пaргIат дIасaлeлa aьттонна а хир. Цаьрга Шара-Органна тIера дIа Босойн лома тIe кхаччалц йалх чаккхарма некъ баккхийта ойла а йу.