Светлый фон

Аваловн ойланаш йукъахйехира цхьамма сихйинa нeIaрх тоьхначу хIумано.

– Чувола!

Чоьхьа а ваьлла, неIapexь вулaвелла дIaxIоьттира гIоперчу ханан начальник. Цуьнан йуьхьан бос хийцабелча санна хийтира полковникна.

– Пурба лохьа, хьан оьздалла!

– XIун хилла, подпоручик?

– УьйтIахь лаьтташ цхьа нохчо ву, хьо волчу веана. Ша Iaьлбаг ву а, боху цо.

Авалов цецвелира.

– Мила Іaьлбаг?

– Хаац. Бунтахойн баьчча ву-те аьлла, дaгaдeара суна-м.

– Мичара хир вара изa! – велавелира Авалов.

Шен дуккха а болчу лазутчикex Iaьлбагах лаьцна хаамаш бохьуш веана цхьаъ хир ву-кх аьлла, дaгaдeара полковникна. Цкъа ойла хилира цуьнан, буьйса йаьлла, кхана вола аьлла, иза дIахьажо. Амма хьанна хаьа цо беанарш мехала хаамаш буй а…

– Схьачуваийта…

Подпоручикца чувеара, ах йуьхь дIахьулйеш, коьртах хьарчийна башлакх а, кетарна тIехула дуьйхина боьмашчу басахь чоа а долуш, йуккъерчу дегIара стаг. Каралаьцна берданка а, коча тесна тур а, йукъахйихкина Iаьржа совра диллина ботт а, кIайчу маьIан мукъ болуш шаьлта а йара. ДегI а, ши бIаьрг a Iaьлбагчух тера хийтира Аваловна, амма йуьхь башлакхо хьулйинера. Йа полковникан лазутчикex a вaцара иза. ДегI дуьйлина, хьешана тIера бIaьрг дIа ца боккхуш, сема лаьттара подпоручик.

– Ассалам Iалайкум, буьйса дика хуьлда хьан, полковник! – элира хьешо, Авалов цхьана минотана вист ца хуьлуш соцунгIа хилча.

– Ва Iалайкум салам! Марша вогIийла хьо. Бехк ма биллалаxь, суна вовзац хьо.

Стага бIaьрг туьйхира стоьла уллохь даьсса лаьттачу гIанте.

– Шайн къоман гIиллакхех боьхна-те гуьржийн элий? – ши бIаьрг белабелира цуьнан.

– XIунда хоьтту ахь?

– Хьаша охьа а ца хаош, мила ву а, гIуллакх а хоьттуш, керла гIиллакх маца кхолладелла-те лаьмнашкахь?

Авалов вуьйхира.