– Уггар хьалха, со паччахьан эскаран эпсар ву, – бехказвала гIоьртира иза.
– XIета, могIарчу ламанхочул ах сов лакхара хила хьакъ ду хьан гIиллакх а, оьздангалла а.
– Амма нехан хIусаме вогIучу ламанхoчун йуьхь а хила йеза йиллина!
– ХIара лачкъо дезар сан бехкeннa дaц, – башлакх дIа а йаьстина, хуцIара букъа тIехьа тесира хьешо.
– Іaьлбаг!
– ХIаъа, со ву хIара, эла Авалу.
Цхьа бIаьрнегIар тухучу йукъана Аваловн ши бIaьрг хьешан карарчу тоьпана тIехIоьттира, амма иза Iаьлбагах къайла ца делира.
– Сан герз кхераме дац, полковник. Амма ас, цкъачунна, хьоьга дIа ца ло хIара.
– Охьахаа, Iаьлбаг.
Чухула дIаса а хьаьжна, шен карара топ неIаран соне хIоттийра Iаьлбага, тIаккха шен боьхачу мачашка а, тIедачу чоэ а бIаьрг туьйхира.
– XIумма а дац, охьахаа, – велакъежира Авалов. – Ас хIинцца чай доуьйту хьуна.
– Ца оьшу, полковник. Хьалха цкъа гIуллакхах дерг дуьйцур вай. ТІаккха, нагахь барт хилахь, чай а мер ду.
– Йуха а – ламанхойн гIиллакх!
– XIун дийр ду ткъа. Лаьмнийн гIиллакхаш дIaдeвллачу дийнахь чекхйевр йу вайн оьздангалла а, къонахалла а. Пурстоп Пруссаков кхузаxь ву бохуш, хезна суна. Иза а, хьайна хетачех кхин цхьа-ши эпcap a cхьакхайкхахьа.
Аваловн дог сихделла тохaделира. «Iедалан караван воллу-те xIapa? Mа доккха хIума ду-кх хIара, бакъ хилахь!»
– Хьуна мила кхайкха лаьара?
– Хаац. Суна хьой, Пруссаковвий бен вовзац. Дош – дош долуш, харцо а йийрйоцурш балабехьа.
Авалов аравелира, Iаьлбаг подпоручикцa шa чохь а витина. Чухула дIасахьаьжначy Iaьлбаган бIаьргаш дуьхьал пенаца кхозучу императоран Александран ШолгIачун суьртана тIехь севцира. Ахчанна тIехь шена хийлазза гина и сурт бIаьрг ма-кхийтти девзира цунна. Иза а, цуьнан дай а, церан цIийнан нах а – уьш бу-кх маситта шарахь сила йоккхачу кху Россера халкъаш Iазапехь даллориш, маситта шарахь кху лаьмнашкахь мискачу ламанхойн а, оьрсийн муьжгийн а цIий Iенадайтинaрш…
Сурта тIера ши бIаьрг шега толамечу цавaшaрца хьоьжуш санна хетаделла Iаьлбаг цхьана йукъана дохковелира ша кху хIусаме варна.
Авалов сихха чувеара шеца Пруссаков а, кхин ши эпсар а валош. Аваловна a, Пруссаковна а гIеххьачул нохчийн мотт хаьара. Оьрсийн маттахь дуьйцучух мелла a Iaьлбаг а кхетара. Цундела кхузахь царна талмаж ца оьшура. Эпсарш охьахевшича, хьалагIеттира Iаьлбаг.