Светлый фон

 

И тангIалкхаш хIунда йоьгIна, далалов?

Вай ирхъохка йоьгIна йу уьш, далалов!

И жIай-гIанташ хIунда лаьтта, далалов!

Вай тIедаха хIиттийна уьш, далалов!

Шога машшаш хIунда кхозу, далалов?

Вай ирхъохка дихкина уьш, далалов!

 

Моьттур дара, и илли хьалххе кхоьллина, кечамбина, уьш кхyза баьхкина. ХIан-хIа, иза оцу минотехь кхоллайелла импровизаци йара. Дорцаца ийъалуш, дуькъа дохк хедош, генна аренга даьржира илланчин дуькъа аз.

 

…И меташканаш хIунда гулло, далалов?

Йижарийн метта белха гулло, далалов!

И миска муьжгий стенна лаьтта, далалов?

Вежарийн метта тезет хIотто, далалов!

И къорза эпсарш хIунда гулло, далалов?

Вайна кIелхьара гIанташ даха, далалов…

 

Цхьаммо а гочдан ца оьшура иллин дешнаш. Цуьнан гIийлачу мукъамо ша кхетавора нохчийн мотт цахуург а. ХIор а дош, даш санна дазлой, кийра дужура ладоьгIучийн. Тобанна йуккъерчу зударийн лохха белхар иккхира. Муьжгаша а ца лечкъадора шайн бIаьргех комаьршша охьаIена дуьра хиш.

Оцу иллин зeвнна кIел Iуммин а, Iаьлбаган а когех, куьйгex тoьхна буржалш дIадехира аьчка-пхьеро. Буржалех мукъаваьллачу Iаьлбага, куьйгаш дIаса а тесна, букъ саттош, дегI тoдина, накъосташка мохь туьйхира.

– Къосам, Нурхьаьжа! Стенна чIеIа шу, хIара адам а делхош? Mа кхардаде вайх и дIогахь лаьтта къорза заддаш! Вайн халкъан турпала илли ала!