Светлый фон

 

Тхо цкъа а, цхьанне а

Къарделла, совцур дац,

Маршо йа Іожалла –

Шиннах цхьаъ йоккхур йу!..

 

Ротин командиран приказца хьаьдда тIеваханчу шина надзиратело, цхьацца пхьарс лаьцна, ворданара охьаозийра Іaьлбаг. Амма, цІоькъалоьмо санна, дегI а дуьйлина, шен ницкъ ма-ббу бетах мийра тоьхна, лакхара надзиратель Семин аркъалвахийтира цо, шолгIачунна ластийнарг цa кхийтира, иза дIа а иккхина.

– Орца, совцабайта и салтий! – инарле Чермоевга мохь туьйхира Іуммас. – Тхо цхьаммо а текхош дига ца оьшу тангIалкхаш тIе!

Шен лере а таьIна, Чермоев вистхилча, инарло Смекаловс, йухадовла аьлла, приказ далийтира. Салташа дIалийцира шайн хьалхалера меттигаш. Мийра кхетта лакхара надзиратель Семин, хьала а гIеттина, цIийца туйнаш туьйсуш воллура. Цо дIа мел кхусcучу туйнаца цхьацца церг йужура багара.

– Соьга оллийта иза ирх! – мохь белира цуьнан, шен дIайаьлла кхо церг гича.

– Надзиратель Семин! Хьайн метта, марш! – човхийра иза капитано Сервиановс.

Ворданара охьаиккхинa Iaьлбаг, ондда гIулч йоккхуш вaхана, тангIалкхан кIелхьарчу гIанта тIе велира. ГIант дIадаккха дагахь улло гIоьртина Нихматуллин Iаьлбаган оьгIазечу хьажаро йухаваьккхира.

– КІeнтий! Шайна кIелхьара гIанташ шаьш дIадахалаш! Илли ала! Вайн дайн турпала илли…

Хьалхахьа а кхоссалуш, шена кIелхьара гIант дIа а xарцийна, муьша тIехь кхозавелира иза. Муьшаца дегI xьийзаш, массо агIop йоьрзура цуьнан йуьхь. Адамашна йукъахь массанхьа а зударийн маьхьарий девлира. Хьалха лаьтта зударий, йуьхьа дуьхьал куьйгаш лоьцуш, дIахьийзара. Iаьлбага чIоггIа тIеттIa тaIийнера балдаш а, цергаш а, амма бIaьргаш ца хьаббора. Уьш, бехкбоккхуш санна, хьуьйсура цига гулделлачу адамийн йаxxьашка.

Эххар хьийзачуьра сeцира цуьнан дегI…

– XIей, Юсуп боху гIаз, оха синош дIалуш, йеса мукъане а деша!

Юсуп – инарле Чермоевга, ткъа тIаьхьарниг Смекаловга вистхилира. Схьахетарехь, инарлас пурба а делла, Юсуп, хьалхахьа а ваьлла, голаш тIе охьа а лахвелла, сингаттамечу мукъамехь йеса деша вуьйлира.

Амма иза ца хозуьйтура тутмакхаша олучу иллин чIогIачу аьзнаша.

 

* * *