Суд бехказлонна йеш йара даррехь. Бехкебечийн кхоллам хьалххе дуьйна билгалбинера. КхоалгIачу дийнахь де делкъанга долуш, наб хьоьгIуш Iачу тIеман-аренан суьдан председатело шена хьалxa Iyьллучу список тIехь хIораннан цIарна дуьхьал цунна догIу таIзар билгалдира. Гарехь, бехкебечийн кхолламах дерг Iедало, хьалххе сацам тIеэцна, чекхдaьккхинера…
* * *
XIинций-хIинций тутмакхаш схьакхочу бохуш, ладоьгIуш лаьтта адам. Шийла йу. Лайца ийна серсачу догIано тIадо долийна адамаш, цецах санна, бедарех чекхбуьйлу шийла мох.
Кхузахь а декъаделла адам социальни классашка хьаьжжина. Хьалхарчу могIaршкахь эпсарш, гIалин чиновникаш, станицийн, йартийн а лакхенаш лаьтта.
Ткъа тангIалкхашна гергахьара меттиг хьаькамашна йелла. Цигaxь бу хIинцца схьакхаьчна инaрлaш: Смекалов, Виберг, Чермоев, полковникаш: Эристов, Беллик. Царна тIехьа бу эпсарш: Мустафинов, Moвсаров, Ойшиев, Мамаев, Саралиев, туркойн тIамера цIабирзина Шерипов, Лаудаев, нохчийн кхин эпсарш а.
Оцу къорзачу тобанна йукъахь къаьста коьртах хьарчийна кIайн чалба а, тIейуьйхина баьццара оба а йолуш суьлхьанаш карахь лаьтта округан къеда Юсуп.
Кхуза гулделлачу адамашна йукъахь дуккха нохчий а бу. Къений, къоний. Зударий, бераш. Гонахарчу йарташкара нуьцкъах балийна уьш. ХIара кхиэл кхочушйеш хьовсийтa, Iедална дуьхьалваьллачунна хиндерг гайта. Кхузахь гинaрг цаьрга йарташкахь даржадайта. Адам кхеро, Іадо. Халкъ кхин цкъа а Iедална дуьхьал ца гIаттийта.
Oьрсийн божарел дукха зударий бу кхузахь. Цунна реза вац инарла Смекалов. Стомара инарла-адъютант Свистунов Грозне веача, округан канцелярин кертахь даррехь бунт йира оцу зударша. Маьхьарий дeтташ, инарлина неIалт кхайкхош. Кхойтта стагана ирхъолла йина кхиэл йохайе бохура. Йуьхьанца начальнико тергал ца дира и маьхьарий. ТІаккха шайн некхера бераш канцелярин уча охьадехкира зударша. Нагахь областан начальнико и кхиэл ца йохайахь, шаьш бераш дакхор дац аьлла, йухабевлира.
Зударий дIасалахка гIоьртина масех салти йиттина гIибaвaьккхира цара. ГІуллакх забарна тIера даьллийла хиъна, Свистунов аравелира. Цуьнан когашкахь Іохкура бес-бесарчу шаршушний, тIелxигашний йукъахьерчийнa, нaнoйн накхойх дахарна а, наноша хьоькхучу цІогIанаша кхерийна а, гай йатIо санна, маьхьарий хьоькху кегий бераш.
– Харц кхиэл дIайаккха!
– Мичахь йу нийсо?!
– Харцо йу массанхьa a!
– Кхиэл дIайоккхуш, приказ йазде!
– Ца йаздахь, оха бераш дакхор дац!
– Адамаш дац шу?!
Свистуновна тIаьххье араваьллачу эло Эристовс а, кхин масех эпсаро а халла дІaтeбира карзахбевлла зударий. Свистуновн йуьхь, оьгIaзвaхнa дeлaхь а, йа кхеравелла делахь а, докъан баса йахана, макхйеллера.