Светлый фон

Хьалха Iаьлбаг санна, цIеххьана дIакхоссавелла, шен когаш кIелхьара гIант дIа а xарцийна, хьалаоллавелира иза а.

Зударшлахь йуха а Iадаме маьхьарий девлира…

 

Муьшаца хьийзa Дaдин дегІ, йуьxь къилбехьа а йерзош, нисдира Юсуп-къедас.

КІeнтaн садаллалц цуьнга хьоьжуш а лаьттина, шен цIе йаккхалц ца Iаш, тангIалкхашна тIеволaвeлира Iумма. Иза мел лечкъо гIертахь а, кийрахь цIе йара марсайаьлла йогуш. Оцу цхьана минотехь цуьнан шуьйра букъ хаъал сеттича санна хийтира суна. Цo Iийшинчу баланашка хьаьжча, иза-м дика а висинера оцу хьолехь. Ткъа таханлeрниг ирча де дара. Цуьнан къеначу бIaьргашна хьалха саделира тIаьххьарчу кIентан.

КIанта когаца йуьстахкхоьссина гIант схьа а эцна, цунна уллорчу тангIалкха кIел сецна, нисдеш, гIант дIа а хIоттийна, везза цунна тIевелира Iумма. ТIаккха, хьалакхевдина, муш схьа а лаьцна, шиний куьйга озийна, цуьнан чIогIалла а зийна, шершад шен логах тесира цо. Иза бухара гIант дIaxарцо кхиале, лахахь лаьттачу инарло Чермоевс мохь туьйхира цуьнга.

– Ва Іумма-Хьаьжа, ладогIахьа соьга!

Iумма дIахьаьжира инарле.

– XIун боху ахь, Орца?

– XIинца хиин хьуна, хьайга аьлларг ца дича, хIун хуьлу? Масазза элира хьоьга, мa гIepтa Iедална дуьхьал, и хьоьга дохалур дац, къанвелча мукъане а йита и хьайн сонталла, цо эххар а хIаллаквийр ву хьо. Соьга ла ца дуьйгIиpa axь, ас аьлларг ца дира аxь. Айхьа лоьхучу-м кхечира хьо… Ши кIант а хIаллакви ахь. XIинца мукъане а дохковала, хьан цхьана кIентан бераш байлахь ма дуьсу.

Орцин курачу хабаре леррина ла а доьгIуш, шен логах тесначу муьшан шад дика тIебоьдий хьаьжира Іумма. ТІаккха Чермоевна тIeвирзира иза.

– Ва инарла Орца, ахь дукха бехира соьга, халкъана хьалха а вуьйлуш, Iедалца ма къийса, цул тоьлур вац хьо, цкъа хIаллакьхир ву хьо, Iедало боxург дахь, хьайн санна, сий хир ду. Ахь соьга бехира, Орца, паччахьо мохк дIа а баьккхина, мацалла кIелдисина, мостагІчо сийсазден халкъ дIа а тасий, хьо санна, паччахьан лай хила. Соьга дог ца диллалора маршонах, машар ца балора сайн халкъан мостагIашца, суна, ламанан аьрзу санна, маьрша ваха лиира. Эххар a cайх хIара хир дуйла а хаьара суна, ас лeхнарг хили-кх суна. Сан да а, вежарий, кIентий а белла халкъан гIуллакхна, со а ле. Суна хетарехь, хьан да а ца хилла, вежарий а ца хилла, тайпа а дац хьан, тукхам а дац. КІeнтий аьлча а, цхьа-ши къутIа ду хьан, хьо санна, цкъа нахана бале дер долуш. Сол тIаьхьа дуьненаxь вуьсучу ахь хIун дийр ду, хьан карахь хIун ду? Цхьа дуо хьаьжкIаш а йуур йу ахь, боьхаллех цхьа ор а дузур ду ахь, кхин хьоьгара хила пайда бац-кх!

Чермоевн йуьхь, даI санна, цIиййелира. Схьахетарехь, цо шена дуккха а зиэн хуьлуьйтур дара ша Iумме вистхилла ца хилийта. Ткъа ша аьлларг Чермоевн дагах кхеттийла хиъна Iумма, там хилла вела а велла, шен накъостийн Iодика йеш, куьг а ластийна, когаш кIелхьара гIант дIа а тесна, дезачу дегIaца муьшах кхозавелира…