Светлый фон

– Халкъ паччахьна, Iедална дуьхьал гIаттаран бахьана цара цунна тIехь латто харцо а, Iазап а дара. Амма иза гIаттаме кхайкхарна а, гIатторна а бехке со цхьаъ ву.

– Цхьана стаге гIатталур дац халкъ. Муьлш бара хьан гIоьнчий?

– Бакъду иза. Цхьаьнга а, иттанга а, бIенга а гIатталур дац халкъ. Нагахь гIатта цунна дуккха а, даккхийн а бахьанаш дацахь. Ткъа уьш оьшучул а тIех ду кхузахь.

– Хьайн гIоьнчийн цIерш йахал.

– Сан гIоьнчий кхузахь бу. Амма цара шайггара хIумма а ца дина. Динарг дерриг а сан омрица дина цара.

Iаьлбагера кхин жоп ца долий хиъча, тIаьххьара а хаттар дира цуьнга.

– Хьо паччахьна, цуьнан Iедална дуьхьал гIеттина. Ахь пачхьалкхана, даймахкана йамартло йина. Пачхьалкхан законаца уггар луьра таІзар догIу хьуна. Дехар дуй хьан суьде?

– Дац, – ойла а ца йеш, сихха жоп делира Іaьлбага. – Со зуламхо, йамартхо велахь а, вацахь а, халкъана шена дика хаьа. Йуха а боxу ас, со Iедалан харцонна дуьхьал гIеттинера. Халкъана маршо, нийсо, сискал йаккхайаларе догдохуш. Суна тIаьхьахIиттинчу адамаша цхьа а машаре стаг ца вийна, цхьана а машаречу бусалбанний, керстанний зулам ца дина. Оха байъинарш паччахьан йалхой бу.

– Айхьа лелийначунна дохковаьллий хьо?

– ХIан-хIа. Цуьрриг а ца ваьлла. Аш дIахецахь а, йуха а оццу новкъа вер ву со.

– Ахь элира, айхьа цхьана а машаречу стагана зулам ца дина. Ткъа ахь гIаттийна адам таIзарна кIел ма доьжна. Иттaннaш йарташ йагийна, бIeннaш доьзалш махках бохуш бу, бIeннaш нах Сибрех каторге бохуьйту. Церан къа ца дужу хьуна тIе? Адам хIунда Iexийра ахь?

Цхьана минотана йуьхь кхоьлира Iаьлбаган.

– Цхьа а ас нуьцкъах гIаттийна вац, – элира цо гIайгIане. – Массо а шайн лаамехь гIеттина. Суна санна, хIоранна а йезара маршо, нийсо, сискал. Ас ца аьллера цаьрга, сайга Iедал хийцалур ду.

– ТІаккха?

– Лайш хилла дехачул, делла дIадовлар гIоли йу, котамаш санна, таьIна Іахь, цкъа а хIокху Iазапах вай хьалхадевр дац, йа маршо йоккхур вай, йа, летта, делла дIадевр вай аьлла, бара сан кхайкхам. Ша резаверг суна тIаьхьахIуттура, резавоцург шен цIахь Iара.

– Ахь цхьацца йарташна таIзар ма дира?

– Ieдaлaн мaттaцa сaйнa дуьхьалйевллачарна дира иза а.

Мартан 4–6-чуй деношкахь дIайаьхьира суд. Бехкевина ткъе цхьаъ стаг, шаьш суьйранна пхьоьхана бевлча санна, лохха вовшашка къамелаш а деш, хевшина Iара. Наггахь, цара гоьл тIе баьккхина ког хуьйцуш, йа куьг хьадича, татанаш дора когex a, куьйгеx а тоьхнaчу болатан буржалша. Суьдо делкъe йeш, шаьш цхьана цIа чу а дуьгийтий, делкъан ламазаш дора тутмакхаша.

Цхьа а бехках хьалхавала ца гIоьртира, цхьаммо а гечдар а, таIзар кIаддар а ца дийхира. Хьала мел гIаттийначо, Iаьлбага аьллачунна тIетоха а, тIера дIадаккха а хIумма а дац шайн, олура.