Светлый фон

Iаьлбагна тIаьххье Умаев Дадин цIе йаьккхира. Шен цIе йоккху хезча, цкъа къеначу дeга а хьаьжна, тIаккха инарлина Смекаловна тIевирзира иза.

– Хьан локхалла, да хьалхаваккхахьа сол. Къеначу цунна хала хир ду сан са долуш хьежа…

– КIант, хIун боху ахь инарле? – резавоцуш вистхилира Iумма.

– Со тIаьхьавитар доьхура ас-м…

– XIунда? – цІоцкъамаш дусаделира Іуммин.

– ТIaьххьара а кIант леш хьежа хала хир дац хьуна?

Шен дагахь мел шийла ша белахь а, цавaшape вeлaвeлира Iумма.

– Сан дагах тIулг хилла дукха хан йу, кIант. Да а, кхоъ ваша а, цхьа кIант а велла сан караxь. ТІaмeхь мостагIех леташ. XIетахь а сатоьхна ас. Хьо тIаьххьара кIеза леш а сатухур ду къеначу лоьмо. И жIaьлеш ца кхардош, гIанта тIе хьалавала.

Дадас резавоцуш корта хьовзийра.

– Хьуо Дуин Iуммин кIант хиларна дохко-м ца ваьлла хьо? Йа кхераделла-те хьо, берзан кIеза? Мичахула нисйелла сан бена хьо пхьагалан кIорни?

Дада лeррина хьаьжира дега. Кхаа баттахь шарйаза, тойаза, йуькъа, йеха сира маж. Бага хьийзина чорда мекхаш. Хебарша аьхна йуьхь. Амма – майра бIaьргаш. Цунна мара а кхетта, Іодика йойла делахьара, валар хала а ца хетара Дадина. Амма иза дойла йац. Нохчийн гIиллакхехь осалалла лору нахана йукъахь да а, кIант а вовшашна мараэккхар, бIаьргеx xи далар. Мел йеxачу ханна къаьсташ велахь а, мел йеxачу ханна къаьстина, цхьаьнакхеттeхь а…

– Со-м хьан дог кхоо гIертара, Ами…

Каде вaхана, гIанта тIе а ваьлла, саба хьокхуш шарбинчу муьшан шад шен логах тесна, курра дIaxІоьттина куьце къона стаг гича, маьхьарий девлира оьрсийн зударийн.

– Мел хаза ву иза!

– Мел къона ву!

– Оццул хьалхе вала воллу-кх иза!

– Къинхетам беха хьайна!

– Дуьне деза хaн мa йу хьан!

– Къинхетам!

– Къинхетам!..