– Лераме зударий! – кхайкхира иза, логера кочан ши мIара дIa a хецна. – XIун ду аш лелориг?
Зударийн йуха а маьхьарий девлира.
– ЛадогIал цкъа! – куьг хьалха тесира инарлас. – Cyьдо кхиэл йинарш муьлш бу ца хаьа шуна? Уьш-х пачхьалкхан зуламхой бу. Вайн сийлаxьчу паччахьна дуьхьал гIевттина, шаьш тоьллехь шу, кху махкара берриг оьрсий байъа йа кхузара дIабаха гIевттина…
– Aьшпаш!
– МозгIаро дукха лекхна тхуна и зурма!
– Бакъ дац аш дуьйцург!
– Уьш маршо лоьхуш гIевттина!
– Аш цIий Іyьйду тхан а, нохчийн а!
– Маьршабаха тутмакхаш!
И хьербевлла зударий цигара дIалахка салтий кхайкха аьлла, Эристовга приказ делира Свистуновс. Амма хьекъалечу эло къобал ца дира иза. Ницкъо къарбийр бацара уьш. Хаза дийцина, Iexийна, дIабаха безара. Эристовс, дехарш дина, жимма тебира зударий.
– Хьомсара зударий, эрна гIовгIанаш йо аш. Сан бакъо йац суьдан кхиэл хийца. И гIуллакх паччахьан карадахана, – элира Свистуновс.
– Паччахье дIахаийта тхан резадацар!
– Телеграмма ло, царна гечдар доьхуш!
– Дика ду, зударий… Ас государе дехар дийр ду, оцу кхойтта стагах къинхетам бе аьлла…
Свистуновн дашах тешнехь а, йа, маьхьарий хьоькхуш, доьлхучу шайн берех къахеттeхь а, цхьацца-шишша йоьдуш, дIасабаха буьйлабелира зударий.
Ткъа зударша букъ ма-тоьххинeхь, ша делла дош а дицдина, Владикавказе дIавахара Свистунов.
* * *
Ши де дайра гIалин Iедало оцу кхойтта стагана йина кхиэл кхочушйан чалтач лоьхуш.
Амма цхьаннeнна а ца лаьара и эхье болх тIелаца.