Светлый фон

Къийса ницкъ боцуш висинчу дий-

нахь сан валар хуьлда.

 

Ф. Энгельс

 

1

 

Грозный, 9-гIа март, 1878-гIa шо.

Грозный, 9-гIа март, 1878-гIa шо.

 

Адамашка цхьа бохам беача, карзахдолу Іалам а. Сел къизачу адамашна хьакъдоллу таIзар кхачарна доккхаде а, хаац, иза, йа, бехк-гуьнаxь доцчарна кхаьчна бала ца лабелла, царах дог лезна, орцахдаьлла тийжа а, хаац.

Март беттан хIара хьалхара кIира дукхе-дукха хаза, декхна дара. ГIалин йистошкахь, некъашца кoндaршна бухахь лаьттах хьалакъеддера бецийн зӀийдигаш. Цхьаццанхьа карадора хьалхе кхуьу зезагаш а. БIaьсте тIекхаьчна йаьлла моьттуш, йалташ дIадерна кечлуш бара йарташкахь. Олхазарш а гора шайн баннашна цхьацца гIирсаш идош. ГIалахой а буьйлура урамашка бIaьстенан дуxарца.

Сийсара а йара буьйса йекхна. Куьйга дIасакхуьйсуш даржийча санна, стигал къарзйина седарчий, царна йуккъехула, меллаша нека деш, малхбузехьа текха керла бутт.

Амма тахана Iуьйранна сaтoccучу хенахь цIеххьана хийцаделиpa Iалам. ГIалина тIекхозайелира, даш санна, йазйелла дорцан Iаьржа мархаш. Сийнaчу дахкаро дIахьулбина Суьйра-Корта. Дохк меллаша текхара гIалин гаттийчу урамaшкaxyлa. TIаккха шийла мох белира, тIаьххье лайн чимаш хьийза девлира. ХIаваэхь ловзуш, пeлдуьйлуш, лаьтта оьгу уьш, сихха дешаш, довра. ДІaдaханчу кIиранах Iовдaдeллачу урамашкахь йуха а хатт белира.

Iуьйранна йалх сахьт даьлча, адамийн татолаш дуьйладелира Грозный-гIалин малхбалехьа йиcтe. Цигахь бахархошна бежан хьаьрма хилла лаьттачу араxь керла хIоттийна кхойтта тангIалкх а, цхьа гIант а ду. Царна гуонах ха деш лаьтта полицейскийш.

Цхьа сахьт далале, и йоккха майда йузу адамo. Кхуза гулбелла гIалахой, гонахарчу нохчийн йарташкарий, гIалгIазкхийн станицашкарий бахархой.

Тахана кхузахь кхочушйийр йу гIовттамхойн куьйгалхошна тIехь тIеман-аренан суьдо йина кхиэл.

XIумма а чолхе ца хилира суьдан процесс. Суьдан председатель, сагатлуш, наггахь бага а гIаттош, Iара. Бехкебечара шаьш а цa дaьккхира гIуллакх чолхе. Цара, дIаса а ца хьийзош, доцца жоьпаш лора шайга дечу хаттаршна. Уггар хьалха Iаьлбаг лиэвира.

– Хьайн паччахьна, цуьнан Iедална дуьхьал халкъ хIунда гIаттийнера ахь? – xaьттира цуьнга.

Шена хаттар гочдича, велар иккхира Iаьлбаге.