Колонистийн карахь хIумма а дац. Къа-м, дера, хета нохчех, амма гIо дан ницкъ бац. ХIорш шаьш а ма бу Iедална кIел. Церан муьжгийн хилла ткъа латта? ВорxIе дайшкахь дуьйна? Церан хилла ткъа маршо, бакъо? Уьш ца хьийзийна ткъа масех бIe шараxь къизачу помещикаша? Йетташ, бухкуш, оьцуш, бойъуш? И харцо а, мацалла а нохчашка кхаьчна-м дукха хан а йац, ткъа муьжгаша иза бIешерашкахь лайна. Ткъех шо а дац уьш лай-долаллина кIелхьарбелла. Маьршабаьхна аьлла, кхайкхийна. Амма мичахь йу и маршо? Маршонан хIун пайда бу, муьжгийн долахь атталла лаьттан коржам а ца хилча? Бакъо-м хьехoчохь а дац. Къийсиний цара шайн маршонeхьа? Мел дукха! Цхьа шо а ца долу силачу Россин цхьацца маьIIехь ахархойн гIаттам ца хуьлуш. ХІокху Iедална реза а болуш цa Ia уьш. Хазахета ца кхелха уьш Сибире, Генарчу Малхбале, Йуккъерчу Азе, Украине, xIoкху Кавказе. Нуьцкъах, церан шайн бертаза кхалхораш а бу. Мацаллех, къоьллех, харцонех бевдда баханарш а бу. ХІокху империн йистошкахь мукъане а жимма аьтто хиларе догдохуш.
Атта вер вац ша винчу, дай баьхначу мeттигашкара. Хазахета ца баьхкина уьш кхуза.
Изза бохура, муьжгаша-м хьовха, гIалгIазкхаша а.
Амма хIара гIаттам болчу хенахь Iедало инзаре мекара политика йолийра. Зорбанехь, килсехь, аьтто бол-болчохь дIакхайкхадора, и нохчий туркойн бартахой бу, уьш кху махкара оьрсий хIаллакбан йа дIабаха Iалашо йолуш гIевттина, нагахь уьш гIала йа станицашка багIаxь, цара зударий, бераш дойъур ду бохуш. Ца дуьйцуш а, ца кхуллуш а хIун дара!
Оцу эладитанех тешарш кIезиг-м бара муьжгашлахь. ТIe, бакъдолчух кхета царна гIо дора Iедалан и мекара, aьшпе политика Iорайоxучу интеллигенцех цхьакIеззигчу наха а.
Ткъа гIалгIазкхий нохчашна дуьхьалбаха цхьа а тайпа политика ца оьшура. Цара-м, дера, паччахьо аьлча, нохчий-м хьовха, шайца цхьана къомах болчу муьжгийн а цIий ма Iенадо. Церан-м шатайпа пачхьалкхаш ма йу хIокху имперехь. Станицийн долахь мохк бара гIалгIазкхашна оьшучул тIех, цхьаммо дезар а ца оьцуш, тIе къух а даьлла, эрна Iуьллуш. ХIор а боьршачу син цIарах ткъа-ткъе итт десятин. Ткъа паччахьан хьадалчийн – инарлийн, атаманийн а – долахь бIеннаш десятинаш. Церан йиш йацара нохчий толийта, уьш оцу махка тIе йухаберзийта.
Оцу чолхечу хенахь муьжгийн ойла йанне а йацара йа Iедалехьа а, йа гIалгIазкхашкахьа а. ХIара паччахьан Iедал оцу гIалгIзкхийн таррийн йуьхьигаш тIехь лаьттийла хаьара суна. Россехь, миччахьа а цхьанхьа ахархой а, гIалин белхалой а гIевттича, уггар хьалха уьш хьоьшура гIалгIазкхийн говрийн бергашций, шодмашций, таррашций.
ХIинца а бара кхузара дукхахболу муьжгий церан йолахой хилла бецаш.