Светлый фон

Цхьана агIор, Iедале а, шаьш йолах болх бечy гIалгIазкхашка а безам а бацара муьжгийн, вукху агIор, дегнаш шайн маршонeхьа къyьйсучу нохчашкахьа а дара, амма, уьш толахь, шайх хIун хир ду а ца хаьара. Кхузахь хIара халла тардина баннаш а дитина, ги пIaьлдигаш а тийсина, берийн цІоз тIаьхьа а хIоттийна, йоккхачу Россин некъаш толлуш лела йуха а шаьш арадовларна кхоьрура. Мацаллой, шелоной хьийзош. Новкъ-новкъахь бераш лаьттах а духкуш. Иштта ма бара церан кхоллам ворxIе дайшкахь дуьйна…

 

* * *

Амма хIун дара ткъа оцу муьжгийн зударшка шайн бераш инарла Свистуновна хьалха охьатийсийтинaрг, кхойтта стагана ирхъолла йина кхиэл дIайаккха бохуш, уьш гIовттийнарг, тахана кхиэл кхочушйеш белхийнарг?

Массо а къоман зударий бу къинхетаме. Зуда, уггар хьалха, нана ма йу. Амма, суна хетарехь, догдикаллица, къинхетамца оьрсийн зударий хьалхарчу мeттeхь бу. Со оьрси хиларна а ца боху ас иза. Бакъдерг – бакъ ду.

Амма оцу шина дийнахь оцу кхойтта стагана уьш орцахбаьхнарг деккъа цхьа церан догдикалла, адамалла, къинхетамалла хилла ца Iара.

Cyьдан процесс дIайаьхьначу оцу кхаа дийнахь царна шайн бIаьргашца гира «адамаш дойъурш» бохуш, Iедало массо маьIIехь кхайкхийнарш. Iедало дийцарехь, моьттур дара, уьш маIаш, кIомсарш, бергаш а йолуш, цхьа шатайпа «адамаш-акхарой» ду. Ткъа, гуонах салтийн ха а хIоттийна, суьдана хьалха ховшийнарш цхьа мисканаш бара. Мел хьежарх, лехарх, ца карабoрa цаьрца къизаллин чо. Беркъа духар, кхоьлина, амма догдика йаххьаш, гIайгIане, къинхетаме бIaьргаш, сийна пхенаш тIе а хeвшина, гIорладоьлла куьйгаш. Уьш гича, мила тешар вара цара бераш, зударий дойъур ду бохучyx? ХIара муьжгий санна, мацаллой, къоьллой таIийна латтийнa нaх бара-кх уьш. Уьш саннарш миллионаш ма бу нана Россехь. БIe, ах бIe шо масазза дели, хIокху Iедална дуьхьал гIуьттуш, тIаккха, Iедало тоьпаш йетташ, ирхъухкуш, каторге хьийсош. ТІаккха цхьана ханна садетташ, амма, собар кхачалой, йуха а гIуьттуш.

Хазахета ма ца гIевттинера и нохчий а. Маситта шарахь церан йарташ хIаллак ма йинера паччахьан эскарша. Ламанхоша шайна латта ма доьхура. Шайн кочадоьллина Iазап дIакхосса ма гIертара уьш. Аттачу хьолехь-м оьрсийн муьжгий а бац. Маршо-м царна а йац. Iазапехь-м уьш а бу. Амма муьжгийн йоллу маршо а ма йац оцу мисканийн. Церан лехамаш, церан къийсам бакъонца бу. Нохчех дог цалозург адам дац.

Изза жамІаш дора гIала йуxабоьрзучу муьжгаша а. Оццу ойланаша гIовттийра муьжгийн зударий тутмакхашна орцанна.

Изза дара и муьжгий а, церан зударий а тахана белхийнарг а.

ГIалахой кхуза кхойкхуш, Iедалан Iалашо йара таханлeрчу къизаллица адам кхеро. Тахана шен мостагIий и нохчий гахь а, кхана хинболчу мостагIийн ойла а ма йора Iедало. Синтеме дацара Россин йуккъерчу губернешкахь. Революцин, демократин гIаларташ хьийзара Россина тIехула. ГIаланашкахь – белхалой, йарташкахь – ахархой гIуьттура. Уьш-м хIун дара, даим дIа паччахьан Iедалан гIортор хилла лаьттина гIалгIазкхий а карзахбевллера цхьаццанхьа.