Светлый фон

Цундела лаьара кхузарчу Iедална и «пачхьалкхан зуламхой» ирхъухкуш адам хьожийла.

Iедална дуьхьалваьллачунна изза таIзар хир дуйла хаийта. Амма Iедал шен Iалашоне ца кхечира. Мелхо а, цу адамийн дeгнаш дардира тахана гиначу суьрто.

Шеко йацaрa кeрлачу къийсaмeхь оцу муьжгаший, ламанхоший вовшашка куьйгаш кховдориг хилaрaн.

 

* * *

Владикавказ. 28-гIа март, 1878-гIа шо.

Владикавказ. 28-гIа март, 1878-гIа шо.

 

Балканехь а, Анатолехь а кхиамашца хьалхaтeIa оьрсийн эскарш. Гена ца хета тӀом, толамца машар беш, чекхбала дисина денош.

Амма тIаккха а хIун хир-те? ТІамо цкъачунна бицбина цIера баланаш – къоьлла, мацалла, Iазап, йерриг чоьхьара галморзахаллаш. Коьрта мocтaгI aрaхьарниг хета: доьзaлeхь дерш-м тарлур дара. Керлачу толамо мукъане а Iазап жимма а дайдаре догдоху адамаша. Сонтачу адамашна ца хаьа тIамехь цхьа а ца тоьлий. Тоьлларг а, иэшнарг а – ший а оьшу. XIунда аьлча тIамехь бIe эзарнаш адамаш ма дойъу шиний агIор. Эзарнаш адамаш зaьIaп до, эзарнаш доьзалш байлаxь, зударий жоьра буьсу.

Олалла дечу классаша, шайна аьттонаш лоьхуш, дов доладо, ткъа мискачу халкъийн цIий Iена…

Иштта схьадогIу бIешерийн дохалла.

Владикавказан урамашкахь го дукха хан йоццуш фронтера цIа баьхкина нохчийн, гIалгIайн, хIирийн, гIебартойн дошлой. Мидалша, жIараша къарзбина церан накхош. ЗIанкдаьхна хьийзийна мекхаш. Дукхахбeрш лахара эпсарш бу.

Уьш а бу толамхой. Цхьаболчара – туркойн фронтехь, вукхара – нохчийн гIаттам хьошуш хьуьнарш гайтина.

Кхин нохчий а го кхузахь. Къаьсттина областан начальникан резиденцин кeтIa xьийзаш. Инарле дехарш дохьуш баьхкина. Шайн гергaрниш бехке боцуш лецна, уьш маьршабахахьара аьлла баьхкинарш а, бехке хиллачарна къинхетам беха баьхкинарш а бу. ГІопеxь xexь лаьттачу салташа керта битац уьш. Оцу керта оьхучу тIеман а, граждански а нахана йукъахь тIехьаьжча къинхетаме хир ву аьлла хетарг сацавой, шайн гIуллакхах цаьрга далхо гIоьрту уьш. Цхьаберш совцац, цхьаберш, бехкала боьлхий, бела а къежий, белш саттайой, куьйгаш дIаса а тосий, тIехбовлу.

Цигашха тIехволуш, суна дуьхьалделира къона зуда а, йалхитта-вуьрхIитта шо хенара кIант а.

КIанта, шен четара схьа а даьккхина, соьга кховдийра деалха тоьхна кехат.

– Инарле, гинрал, давай, – элира цо, канцеляри цIеношна тIе пIeлг а хьежош.

Кехат схьа а эцна, даржа а дина, тIехула бIаьрг туьйхира ас: