Светлый фон

— Хьайн Делан дуьхьа! Сан дуьхьа!.. Берийн дуьхьа ма вала цуьнца девне. Цо мотт а тоьхна, цхьа доццург а кхоьллина, чувуллур ву хьо йуха а.

Керима, шен белшех тасаделла Кесирин куьйгаш нуьцкъаша охьа а даьхна, тIевахана, неI йиллира.

— О-о! Сан хьоме вешин кIант! — мор баржийра Тойсума.

Цуьнан некха тIе куьг тоьхна и йухатеттира Керима:

— Ахь хIун делаххьий, кхин, хьо дийна а волуш, сан неIаре ма воьллахь! Со-х кхин хьайн вешин кIант ву а ма бахалахь! Со цкъа а ца хилла хьан вешин кIант! Со хьан хIумма а вац — цхьана тайпана, цхьана йуьртара хилар доцург!

— Ой-й! ХIун хилла вайна? ХIун хилла? — цецвелира Тойсум.

— Ахь харц тешалла а дина, хIинцца дукха хан йоццуш, цхьа а бехк боцчу веа стагна бIе шо хан тохийтар нахана ца хиъна моьтту хьуна? Сийсара веънера со волчу, царех цхьанна-м гергара хуьлу Бетар соьга чIир хьейан, хьуна тIехула, со ахьа массаьрга а хьайн вешин кIант ву а баьхна! Ас дIаэлира цуьнга ма-дарра — хьо сайн кIадда а цахилар. Хьан Джамбулера адрес дIа а дийцира. ХIинца хьуна тIекхача дагахь а ву хьуна, Бетар а, цуьнан ши ваша а… Хьуна Эсканойхь дуьйна а бевза моьтту суна уьш, — иза а дIакъадийра цуьнга Керима.

Йуьхь тIера бос баьхьира Тойсуман. Шен йухах куьг тоьхна, кхин вистхилар доцуш, Iодика йар а дицдина, йум йаьхьира цигара Тойсума. Шуьйрра куьйгаш а лестош, и дIавоьдуш цуьнан букъа тIехьа а хьаьжна, Керима элира Кесире:

— Иштта тоьла! Цуьнца ловзарш лелочул! Кхин вайн неIаре вогIур вац хьуна иза. TIe хIинца суна мотт тоха а ваьхьар вац!..

 

СТАЛИН… ВЕЛЛА!..

 

БIаьстенан хьалхарчех де цIеххьана хаза декхна деънера. Йист йоцчу стигалахь гуш цхьа а марха йацара. ДегIах маьлхан дуьххьарлера йовхо а йулуьйтуш, паргIат вогIура Тавсолта белшах шен гуттарлера тIоьрмиг а тесна. Колхозан беша хьажа дагахь араваьллера и, амма, юьртах ма-велли, кхузара башха гена ца хета, малхехь лепа Iоман экъа йайча, и цигахьа дIаозийра.

Делахь комендатуро ца могуьйтура йа цига а, йа луларчу йуьрта ваха a. XIapa иттех шо а иштта чекхдаьллера, и кхузара меттах ца волуш. Iам болчухьа тийнна дIахьоьжура и. Цу агIорхьа комендатура а йац, бохура. Ша цига дIакхаьчча, кхин хаза дуьне гур долуш санна хетара. Цунна дукха хезнера цу Iомах лаьцна. Цигахь, дийнна бода бой, лела бохура акха бедаш, шортта нислора иччархошна ижу: тодакхаш, мошарчий, дарташ. Ов текхош, йа кIорго йолчохь ванда йугIуш, лоьцу йай-чIерий, Iомана йуккъерчу оьзига тIехь чIерийлело артель а, хил дехьахь, Жинийн Iин чохь, шекардоккху завод а йу, бохура. Тавсолтина дуьхьалтуьйсура цигара сурташ: Iома тIехула пийсик хьоькхуш гила-кеманахь лела белхалой; бурамна тIехь цкъацца жашца дехьа буьйлу Iуй, дIо генарчу ГIелийн орца уьш дажо дига. Цигара йухабаьхкинчу Iуша дуьйцура, цигахь акха кой а, лунаш а, хотешкахь тарсалш а хуьлу, бохуш. Амма цигара кхин а дIа, геннарчу къилбехь йу бохура, саьхьара стаг санна, сутара, дерриг шена чухуду, ша хIумма а схьа ца ло, гIум сийса бIаьрмециг аре. Маьлхан аьтталахь гуттарчу йокъанехь, дакъаделла гIамаран латта цигахь, экъа санна, догу бохура, тIехь ког а ца латталуш…