Светлый фон

Къаьсттина багайахна йара Сату коьртехь волу гIepa… Цо, четарна чу а иккхина, бийшина Iохккушехь байинера салтий а, лоьраллин болх бен зударий а.

— Хьай, йовсар йаI!.. Зударий а байинера, тов! — элира Тавсолтас.

— Амма тхан командир Коленкин ша а вацара «дидийчех»… Шара — Органехула тхо, цигахь бухабисанчех гулбина цхьа-ши доьзал, стерчийн вордана а хаийна, охьабалош догIуш, суна гира, тхо тIай тIе кхаьчча Коленкина, тIекхайкхина цхьана-шина салтичуьнга лере цхьаъ-м аьлла, цу-шимма вухавахана, хьалхара сту, тоьхна, тIай тIера чу а харцийна, цунна тIаьххье и ворда а кIоргге чуйахара, тIерачу берашца, зударшца, баккхийчу нахаца… Ас и дIадийца сайн дагахь дитира… Цул тIаьхьа, тхо чIожах чекхдовлуш, тхо чекх а довлийтина, тхуна тIехьашха тIелетира цхьа гIepa. Царна хьалха кIайчу говрахь, Iаьржа верта а кхоьллина, цIечу башлакхца, буйнахь маузер а лестош, цхьа зуда йара, омра деш:

— ТIетох!.. ТIетох!.. Ма кхоабе! — бохура.

— Кхокха йу!.. И Кхокха йу!.. — элира суна йуххерчу сержанта.

И цIе хIетале цигахула йекаш йара: Кхокха гIарайаьллера къиза а, майра йу бохуш. Дуьйцура, цо ша шен майра, шен буьйр кхочуш ца дича, гIерана хьалхха, тапча а тоьхна, вийра бохуш. Цигахь тхайх вийна масех бIаьхо а витина, Коленкинна а йай-й чов а хуьлуш, тхо халла кIелхьарадевлира. Цул тIаьхьа Коленкина, Галан-чIожахула тхо лелаш, цигахула цхьаццанхьара оха схьагулбина, бIе гергга зударий, бераш, баккхий нах, цхьана йесса йисинчу школа чу а лаьхкина, тIехула неIарш ондда тIе а чIаьгIна, цIетесна багийра дийна боллушехь!.. Маьхьарий!.. ЦIогIанаш!.. И суна дицлур дац цкъа а! Хьалха цо уьш цу чу гулбеш, «кханналц буьйсайаккха, шелонгахь ца бита» элира — суьйре йара. Чуьра пешаш лато, аьлла, амма цIейилла дагалаьцна йаго хIума а цаьрга шайга схьалахьайайтира цо гондIахьара… Виц ца ло суна цхьа бутIаз: «Хьажал! Ас дуккха а гулдина», — бохуш, марахь ча дахьаш вогIу… ХIинца а дуьхьал лаьтта… Сан собар кхачийра!.. Со ведда Грозный-гIaла а веъна, тхайн хьаькмашна тIе вахара… Дийцира… Йаздайтира! Таллам болийра… Амма Коленкина, вуно атта, тешаш а xIиттош, со кIелвитира: шина салтийчо тешалла дира, сту ког а тасабелла, ша чубахара аьлла… Школа чу гулбина нах а, шаьш пеш лар цайарна, шайн ледарлонна цIе а йаьлла, багар чIагIдеш а, масех теш кечвинера Коленкина. Со таIIийна чувоьллира: суна дуьхьал таллам болийра…

Грозный-гIалахь со набахтехь волуш, цигахь Сату а гира. Иза — шен йуьхьсибатца и хилар соьга чIагIдайта со чувигнера талламчо.

— ХIинца идда ваьллий хьо, стешха кIилло! — тIечевхира талламча, куьйгаш а дихкина, шена хьалха лаьттачу Сатуна…