Светлый фон

Правлени хьалха гулбелла дуккха а нах бара. Оьрсийн маттахь чIогIа луьйш, мохь бетташ, Сталинан цIе а йохуш, нисса Тавсолтина дуьхьал вогIура, коьрта Iуьйра, кегайеллачу къоьжачу месашца цхьа вехна стаг. Радиоссий, пхьоьханан гIовгIаной цо бохург халла къостуьйтура: «Ша адамийн мийлина цIий хIинца шен хьиэ чу Iаьнна цунна», — бохура цо оьгIазе. Цунна тIаьххье йоьлхуш йогIура Нурседа.

«ХIинца хIун хилла-те?.. ХIокхо вас-х ца йиний-техьа?» — дагадеана, иза шена тIехвалале, сихха йоIе хаьттира Тавсолтас:

— Хьо стенна йоьлху?

— Дада… ца хезна хьуна?.. Сталин велла.

Тавсолта сецира, ойлане вогIавелла ша волччохь, цIоцкъамаш ваьштадоьлхуш. Амма цIеххьашха элира:

— И-м ловр дара вай… кхин вон ма догIийла!.. Ма йелха, йало… чугIo! — йоI цIа хьажийра дас.

Сихачу боларехь, раз урам хадош, схьавеанчу коменданто, хьалха а ваьккхина, дIавигира вехнарг. Правлени хьалха, йаххьаш а кхоьлина нах лаьттара. Радиохула схьахезара гIийла музыка, йукъ-кара Сталинан валарх, цуьнан гIуллакхех, хьуьнарех дош а далош. Цхьаберш, цуьнгара шайна зулам даьлларш а тIехь, боьлхура, и валар новкъадеана а, музыко малбина а. Кхиберш боьхнера: «ХIинца муха дехар ду-техьа, Сталин а воцуш?»

Берахь дуьйна а шайн тIамарх йоьлла оцу цIарца хьалакхиънера дукхахберш. Ткъа хIинца, и ца хилча, пачхьалкх а, дуьне а муха лаьттар ду а ца хаьара. Хилларг доккха хIума дуйла а хууш, вовшашка а хьуьйсуш, дагахь и башха хала а ца хеташ, тийнна лаьттарш а бара. Кериммий, тIевеъна Тавсолтий йуьстахвелира.

— Бакъ дуй? — хаьттира Тавсолтас.

— Бакъду, — корта таIийра Керима.

— Ма доккха хIума гина-кх вайна! — шеха корта хьовзийра Тавсолтас.

— Цхьацца хийцамаш хила мега хIинца.

— ХIунда?

— Хета-кх иштта сан дагна… Сталин халкъан да вацара — паччахь вара. Ткъа пачахь велча, даима а дика хийцамаш хуьлу.

Керим, цуьнгарчу берзан цIоканна тIе пIелг а хьажош, велакъежира:

— CaгIa хуьлда…

— Ма хуьлда соьгара-м йа caгIa а, йа загIа а цунна-м!

Тавсолтина а хетара цхьана хенахь Сталин халкъан да, къаьмнийн бакъволу тхьамда, вуьззина къонах. Амма цунах дог делира цуьнан, хийланна а дагадогIучу, ткъе вуьрхIитталгIачу шарахь. Ткъа дерриг шен къам, хьарччийна, цо махках даьккхича, Тавсолтас неIалт элира цунна. ХIинца диканехьа хийцамаш хирг хиларх дог тешна а вара иза. Айаделлачу дегIаца вогIура Тавсолта цIехьа, берзан цIока а йахьаш, и дIаэца тахана конторехь стаг а ца хилла: «Велча а зулам дели-кх цунах суна!»… — элира цо, улло вогIучу Кериме.

— ХIан-хIа, ишта ма аьллахь! Дерриге а дацара хьуна цуьнца иштта вон! Шен хеннахь цо партина дуьхьалйаьлла оппозици ца йохийнехьара, тIе, вайн махкахь хазанеха санна, вешан индустри кхоллар а, колхозаш йахкар а чекх ца даьккхинехьара, оцу хиллачу тIамехь вай, суна хетарехь, тоьлла а хир дацара! — элира Керима, амма Тавсолтас вон ладоьгIура цуьнга.