— Ас вахьа а-м ца ваьхьна! — шa Iачуьра хьалакхоссавелира эттIачу шинелехь волу цхьаъ.
— Муха ца ваьхьира?.. Со-м ваьхьира… Ас хьайга доьххушехь: «Со хIинца а дийна ву… Ца вала а магара… Витахьара», — боххушехь… Ахь элир-кха: «ХIан-хIа! Со вуха а кхуза эха мукъа вац… Хьо иpx-пурх а кхин цхьана сохьтехь бен вехар а вац…», — аьлла, айина хьайн вордана тIе а виллина, ваьхьна, цига беллачарна йуккъе охьатесир-кха со а… Валийта!.. — бохуш, дуьйцура, хьалха шен Iаьржа куьйгаш а туьйсуш, кIарул-Iаьржачу курдо.
— Ткъа муха висира хьо ца леш? — хаттар дира суьдехь. Жоп ца луш, курд дIасахьера.
— Дийцал!
— Ца вала… аса… йуххехь Iохкучу… беллачеран пхьаьрсах а, белшах а дилха диира… Ца леш висира… ГIаьттина, вахара… CaгIa а доьхуш, лийлира кхечухьахула… вехха. ХIинца, Сталин велча, кхуза вухавеъна, хIокхунна и ца дита!.. — элира курдо.
Керима доккха садаьккхира. Чоьхьара цхьамма-м залан неI, гIорттош, тIечIегIира… Кестта КеримгIаьрга чукхайкхира. XIopш чубевлча, дехачу гIанта тIехь, суьдана дуьхьал хиъна Iа, цIена маж а йаьшна, тIехь а цIена Еланцев вай-й велакъежира кхарна.
Суд йах ца йелира: Еланцевна йерриг а тоьхна хан «15 дей-буьйсий» йара, цо, нах а болчохь, пачхьалкхан меттехь маьттаза мотт лебарна. ЙухавогIуш, Керим хIинца а ТавсолтагIеран чу хIоьттира:
— ДIахаалда хьуна: Сталин велла, хьуна, верриг а, цинц буха ца вуьсуш! — элира Керима чуволлушехь Тавсолте…
Доцца дийцира суьдехь хилларг.
— Далла хастам бу!.. ХIинца-м кестта цIа дахийта а мега вай! — элира Тавсолтас.
* * *
Кхин а ши кIира сов хан йаьлча, ТавсолтагIеран неI туьйхира. Селитас, тIейахана, схьайиллира. Еланцев вара неIарехь лаьтташ: цIена дуьйхина, шляпа а коьртахь, галстук йихкина, карахь хаза Iaca а йолуш.
— Схьачувола! Марша вогIийла! Суна вевзира хьо, накъост Еланцев, — элира Селитас.
— Суна хьо а йевзира, Селита! — аьлла, куьг делира.
Нурседас а:
— ПаргIатваларца декъала хуьлда хьо! — аьлла, куьг лецира цуьнан. Кестта Керимца чувеанчу Тавсолтина а хазахийтира хьаша веъна. Селитас кечдина чай хьалха диллира…
— Шу махкахдаьхначу шолгIачу дийнахь со вахийтира отрядца ломан кIотаршкахула, цхьаццанхьа бухабисна нохчийн доьзалш вовшах а тухуш, охьабаха. Сан отряд дIатуьйхира, Грозный-гIалара ваийтинчу, ширчу чекистех волчу Коленкин ротех, и коьртехь а волуш… Бухабисна доьзалш-м наггахь а бацара… Тхан декхар хилира, дIабаха ца лууш, герз а карахь бевддачийн гIеранаш схьалецар, йа йайар. Масех кIиранах а лийлира тхо, уьш лоьхуш. Царех цхьаберш, къаьсттина майрабевлла, шаьш тIелетара тIехьашха эскархошна, бийшина Iохкурш а ца кхоош.