Арахь буьйса йаьккхинчу говран кхесах бецан хьожа йетталора. ЦIерачух и тарйелла, безам хеташ, кест-кеста охьатаьIий, хьожа йух-йуха чу а узуш, вогIура иза. Аренан хIонехь дегIан ницкъ сабаьлла, сихйира цо говран чабол. «Говрахь ваханчо мох лаьцна, гIаш ваханчо гIаж лаьцна», — дагадеара цунна шен ден кица. Борз йахханчухьа, хица охьа, цуьнан лорах ца хедаш, воьдура и.
ТIаьххьара а цхьана гух тIехваьлча, борз гира кхунна. ТIаьхьавогIу бере а гина, борз аьрру агIорхьа йелира. И хьалхий, Тавсолта цунна тIаьхьий, генна дIадахара xIapa шиъ. Йазйелла а, гIелйелла а, астагIа а йолу борз чехка ца йадалора. ХинкIажахь, эрзашлахь къайлайелира и. Тавсолта дIакхаьчча, говран когаш гоьллец чу а оьхуш, хоттан колд йара. Цхьа вон саьмгалан хьожа кхийтира схьа. Луьстта сорамаш а бевллера гондIа. Йуха ца волуш, майрра чутилира Тавсолта. Кхунна ши пхьагIат хьалхара дIаиккхира борз, тIе корсамаш лаьцна, сийначу кхеранашна тIехула а кхийсалуш. Амма чушершаш, хала оьхура дIа. ТIаьххьара а, логгец чуйахана, хьала а ца йалалуш, йисира борз. Тавсолтина дуьхьал а йирзина, шен ирча Iаьржа доьлаш оьхьуш, кIомсарш ваьштайеттара цо. Хьалхахула тIехилла, гIорадайначу барзана коьртах орцха тоьхна, и дIакарчийра Тавсолтас. ТIаккха, тешнабехках ларлуш, кхин шозза тоьхна корта бохийра. Чукховдийна, хорам беш, логах муш а хьарчийна, борз а такхош, уьшалара схьавелира xIapa.
Борз йакхийчех йара. Хин йистехь, тIера цIока йоккхуш, уьрсаца диллина, ге чу хьаьжча, пунт гергга, йаккхийчу коржамашца жижиг карийра. Оццул иза шех идайаларх а тамаш бира Тавсолтас. Шач хьекхайелла, гIовтална тIелетта сос дIа а йаьккхина, цIехьа волавелира и. ВухавогIуш гу тIе кхаьчча, гена валале, тохара xIapa тIе ца кхачийта борз нацкъарайаьллачохь, цуьнан тоьла а карийра, чохь кIезий а долуш. Чухьаьжна, Тавсолтас, куьг чу кховдошшехь, самукъане цIовзарца берзан кIезано, схьахьаьдда бовха тIеда мотт хьаькхира Тавсолтин куьйгах. Важа кIезий а, цIевзина, схьахьевдира. Тавсолтас сихха йухадаьккхира куьг. Даккхийчу чхернашца, тIе латта а тосуш, леррина дIайуькъира цо тоьла. «Элан кIант аганара а ма гIоттийла, берзан кIеза Iуьргара а ма долийла», — дагадеара. Берзан цIока а йохьуш, цIа вогIуш, ша йуха а къона таллархо хетта, воккхавера иза.
Цунна хIинццехь дуьхьалтуьйсура, берзан цIоканца ша гучуваьлча, колхозехь бен болу тамаш. Амма кхуо эр ду: «ХIара-м борз аьлла хIума дацара… чагIалкх санна, жима… тхан цигахь хуьлура берзалой»…
Эвлан йисте кхаьчча, арыкан хица, баргалш дIайохуш, цIан а йина, гоах тIара а тоьхна, дIахийцира цо беркате говр.