Светлый фон

— Со шух идда вац… Со шуна тIаьхьа идда… Сох стешха кIилло ма ала! — жоп делира Сатус.

— Ву хьо стешха кIилло!.. Бийшина Iохку тхан салтий а бойуш!..

— Ткъа дийна боллушехь аша багийна тхан зударий, бераш?!. И шайна иштта дуьсийла лаьара хьуна! — аьлла, Сатус талламчин йуьхь тIе шеташ туьйхира. Талламча ша лаьттачахь:

— ДIавига и карцер чу… Ас кхана Iуьйранна гойтур ду хьуна, кIиллo! — мохь белира талламче. HeIcaгIe дIакхоччуш, Сатус, вуха а вирзина, кхоьссира талламче:

— Иза а хаьа суна… Кхана аш со вуьйр вуй… Амма хьоьга сан цхьа дехар ду: со муха ле хьажа, кхана соьга хьажа, мукъна, волахьа!

— Къонаха! Сату — вуьззина къонаха!.. — цунах ша аьлла дош йуха хийцира хIинца Тавсолтас.

— Кхана Iуьйранна, набахтин кертахь, цхьаболчу, кхозлагIчу этаж тIерачу лецначеран тидам а хуьлуш, гIовгIа йоккхуш латийна мотоцикл а йекаш, банин пенаца а хIоттийна, цунна тоьпаш туьйхира…

Со халла велира воь суд йечуьра: фронтовик хилла хиларна, ца вуьйш а витна, со йуха а фронте — амма гIудан-батальоне дIахьажийра.

Дуьненахь доллучу хIуманах а догдаьлла, сайн са ца кхоош, со вере сатуьйсуш, лар а ца луш, лийтира со фронтехь… Хьовсийша, тIом дIабаьллачул тIаьхьа, йуха а шортта орденш а йахьаш, цIавеъна волу со, тоххара дIадаьлларг цхьамма карла а даьккхина, итт шо хан а тоьхна, Сибрех ма хьажий!.. Йуха цигахь мала а Iеми, дечиг тIекхетта бойна ког а дIабаьккхи…

Массара a, гIap яйъина, ладоьгIура…

— И боьха хIума Берия хIинца а коьртехь ву-кх… Цуьнан хIуманаш ду уьш! — эккхийтира Керима.

— ХIан-хIа!.. Коьрта бехкеверг и вац — Сталин ву! — ша Iачуьра хьалаайвелира Еланцев. — Берия цуьнан хьанала лай ву!.. Коьрта бехкеверг а, чалтач а ша Сталин ву!.. Исторехь цуьнга а кхочуш боьха стаг хилла а вац: цо шегахь цхьаьнатоьхна Неронан маьттазалла, Иван Грозныйн къизалла, Азефан йамарталла! — элира, хIинца йуьхь цIиййеллачу Еланцевс.

Селита йай-й йелакъежира, тоххара Эскинойхь, школехь ша доклад йеш, Еланцевс Сталинах аьлла кхитайпа дешнаш дагадаьхкина.

Нурседас, неIаре а йахана, и дика тIечIегIира: Сталин веллехь а, Берия хIинца а дийна вара.

 

* * *

Кхин а масех бутт баьлча, цхьа гIуллакх хилла, правлене ваханчохь, Тавсолтина учахь, акъбевлла, радиога ладоьгIуш нах гира. Хьехориг Берия вара: халкъан а, партин а мостагI и хиларна, чувоьллинера хIинца Берия. «Хьай, делазхо йаI! И вара и, цкъа а вийна дIа а ца воккхуш, даим вен везарг!» — ойла хилира Тавсолтин. Сиха, гIанташ тIе а буьйлуш, сакъералуш, дIадохура цуьнан портреташ чуьрачара. «Хийцамаш буьйлабелла!» — дагатесира Тавсолтина: «Делан чIир кхочушхилаза ца йуьсу. КIелхьарчунна тIехула гIа а бехкамаза, церан меттигаш йуха ца хуьйцуш, дуьтур дац Ша, аьлла цу Дала», — шен ойла йора Тавсолтас…