Сталин веллачул тIаьхьа сихонца баккхий хийцамаш буьйлабелира Советан махкахь. Цхьа кIира даьлча, Нурседе кехат деара районан спецкомендатуре кхойкхуш — «тешалла дан».
— ГIуо… ший а!.. — элира Тавсолтас, Селитехьа а корта ластош…
Бухахь Керим а вара оццу гIуллакхна дIакхайкхина. ХIинца, полковникан хорма охьа а йиллийтина, кителан хьалха йохку орденийн планкашший, меран кIел дохку шен тохарлерра даккхий Iаьржа мекхашший бен, кхин хIумма а хьалхалерачу куьцах бухайисна воцчу Идрисов Бакара, дай-й куьг ластийна, хьаькиман кабинета чухьажийра уьш, Селита буха а йитина.
Керла хьаькам — капитан Сериков Олег Миронович — гIиллакхе хьала а гIаьттина, некха тIехулий, букъаций дIасаоьху эпсаран хормица долу керла бахтарш, доьхкий а цIийзош, охьатаьIира, хIокхарна охьахаа гIанташ гойтуш, тIе пIелг а хьажош. TIe сийна исхар а тесна, йеакIов йехачу стоьла тIехьа Iаш, векъачу аматахь, чукхетто Iаьржа бIаьргаш а, тIейаьхкина беснин даьIахкаш а йолуш, кхин цхьа стаг а вара штатски хормехь, амма эпсаран куьцехь белш, букъ а нийса латтош.
«Гарехь, областера талламча хир ву», — дагатесира Керимна. Раз бIаьрг тоьхна, цунна хьалха, стоьла тIехь Iуьллучу папкин тIера йоза дийшира: «Халкъийн сийлахь-воккха тхьамда Сталин нахана йуккъехь Еланцевс Д. У. йемалваран хьокъехь долу гIуллакх».
Чу а валийна, сонехь, табуретки тIе охьахаийтира «Сталин нахана йуккъехь йемалвина» волу заьIапхо.
— ХIара вевзий шуна? — хаьттира. Шимма а тешалла дира цигахь хилларг и хилар, амма цо аьлларг шайна къаьсташ ца хезира аьлла, чIагIдира. Цигара йухадогIуш, Керима, чухIоьттина, Тавсолте и дийцира.
— Схьахетарехь, Сталин хIинца а верриг ца велла, — элира Тавсолтас.
— ХIунда бах ахь?
— Цунна тIоьхула хIинца а нах хьийзабо дела…
— И мила вара хиирий шуна? — хаьттира Селитас.
— Цхьаннах тера-м хийтира, — Нурседа ойлане соцунгIа хилира.
— Цуьнан бесни тIера мо ца гира хьуна?.. И тоххара Эскинойхь вайн школехь доклад йинарг ма вара… Сени чухула ша тIехвоккхуш, соьга лерина схьахьаьжира иза..
— ОстопируллахI! — цецвелира Тавсолта а. — Тохара ЧIап-ломахь тхоьца немцойн десант лаца веънарг!?
***
Кхин а цхьа бутт баьлча, Кериме а, Нурседе а тешалла дан суьде дIакхайкхира, — амма и суд, райцентрехь йоцуш, Джамбул-гIалара областан суд йара: «Гарехь, Еланцевн гIуллакх луьрачех лерина», — ойла хилира Кериман.
XIopш дIакхаьчча, суьдан зала чохь хоттуш, дIадоьдуш кхин цхьа дов а хилла, и чекхдаллалц собар дан дийзира. Iа-ш сагатделла Керим херайаьллачу неIарехула зала чу хьаьжира. ЛадуьйгIира:
— Со хIетахь кхеран коштIахь комендант вара… ХIетахь дукха лара спецпереселенцаш мацаллах а, тифах а… ДIабохка ца кхиабора… ТIаккха ас хIокхунна тIедиллира, кхунна кхин цхьаъ баьпган норма лург, шен виран-ворданахь вел-велларг хьуьлла йистерчу ор чу дIакхехьap, уьш бахьа кхин меттиг йоцу дела… Амма аса-м ца аьллера кхуьнга цига валаза верг а дIахьо…