Светлый фон

Хе голатуххучохь, коьллашна тIехьахула, кхунна гира, ша йежаш йоллучу говрана борз чухьодуш. Говр, хьийзаш, тIехьарчу когашца барзехьа нисйала гIертара. Борз, цунна го бохуш, хьалхара дIа ца йолура, говран къамкъаргах катоха гIерташ. Говро, даима лаг хьулдеш, шен корта лахахула хьийзабора. ЦIеххьана говро, аьтто баьллачохь, дIайирзина, мийраш туьйхира барзана. Борз охьатаьIира, шех берг а кхетта. Говр горайахара. Цу сохьта оьгIазйаханчу барзо це туьйхира цунна. ГIoгIax. Говр сихха хьала а иккхина, къовсам йуха а дIаболабелира церан, ший а кортошца дуьхь-дуьхьал хьийзаш, йилбазмох санна, маса.

ГIо дан йиш а йоцуш, Тавсолта хьоьжура кулла тIехьара: къеначу бIаьргашна дика гахь а, и шиъ ах чаккхарма генахь йара; xIapa гечо а лехна, дехьавалале чекхбер бара церан къийсам. Барзо, цIеххьана хьалакхетта, говран цIом схьалецира. И дIатаса гIерташ, говро корта барзаца хIинца леккха хIаваэхь лестабора. Барзо муцIар дIа ца хоьцура. ТIаьххьара а гIелйеллачу говран ворта охьаэха йуьйлира, амма борз лаьтта кхачийта ца йаьхьаш, цо халла хьалауьйура и… Барзо, цIеххьана цуьнан муцIар дIа а хецна, и аркъал йоьддушехь, катуьйхира говран логах. Миллион шерашкахь царна йуккъехь Iемина и къовсам, кхеран хIинца цу тIехь чекхбелира. Говр, йетталуш, керчара лаьттахула, борз кIел хьаша гIерташ. Амма, лаьцна лаг дIа а ца хоьцуш, цуьнца керча борз тIехь хуьлура даима.

Кестта йетталучуьра сецира говран чарх. Шен хирг дина йаьлла, сутара йаьжна борз, хьалха санна, раз йолчу, амма хIинца йазйеллачу йортахь дIайахара, пхарйелча санна, гай лаьтта а дазделла, астагIа а лелхаш. Говран неI схьадаккха дагахь, гечо лаха вуьйлира Тавсолта. Кхин а лакха, хьалавахча, шорделла хи гомха доггIучохь, йуккъехь гIайреш а нисйелла, кхос-кхоссалуш дехьавелира и. Борз, говррий леттачохь латта аьхнера бергаша. ХIинца а, муж санна, мелачу шен цIийн Iоврашлахь Iуьллура бора кхел. Хьалхарчу цуьнан когех бихкина хилла муш, хедда, кхалкхежиг баьллера.

НеI схьадоккхучохь дацара: дерриг цистинера иза. Берзан кIомсарша йеринера ворта, къамкъарг йатIийнера. Жижиган йаккхий паттарчий йаьхнера маьI-маьIIера. Варо йиллинера. КIайн лепара цергаша йаьшна буност. Йеллачу говран лешна бIаьргаш диллинчохь севццера; цуьнан тIаьххьара бIаьрхиш хIинца а, даза, цхьана меттехь, гинсу санна, дегош, лепара.

Борз йаханчухьа дера дIахьаьжира Тавсолта: генара диках гучу къеначу бIаьргашна халла къаьстира аренан йисттехь йай техка Iаьржа хьоькх. Корта ластийра Тавсолтас: карахь герз а доцуш, гIаш, xIapa ларор вацара цу барзаца. ХIуъу дийцича а, заьIап а вара. Амма… говраххьий… Шена гонах дIасахьаьжира Тавсолта. Тохара ша сехьаваьллачохь, дIанехьо гира цунна цхьа йаьсса гIoтa; тIехь тхов а боцуш, йоьхначу лаппагIан йеккъа гIов лаьттара, мохо а лоькхуш. ТIевахара. Кертахь йоьхна сазгIа а, кхин цхьацца мекхайоьлла аьчган ортхалш а Iохкура. Доьхначу божал чуьра говр терсара. Чухьаьжча, схьагарехь, стохка дуьйна а йохку сеаларш йара маьI-маьIIехь луьстта лецна. Кхоъ говр лаьттара сакхйаьлла, вовшашна йуххе теIаш. Цхьаъ, чераш кIамдеш санна, сонехь, кхерайелла, пенах хьекхалора. Шен карарчу гIожан коьжалгаца, хьаьжа йуккъехь сет догу, чIамарниг схьалаца гIоьртира Тавсолта, иза вукхарел тоьлашха хетта. Жуларан га а хадош, и карара йелира. Важа а дIаиккхира. Цхьаъ, тоьхна баргол хиларна, атта карайеара. Духьлоцин метта, цуьнан когех хьарчийна хилла муш а нисбина, эццигахь карийна, цхьа чхьонкар санна, йуьхьиг стомма аьчган орцха а эцна, казахех тера, говрахь, барзана тIаьхьавелира Тавсолта, кIеда хилийта кIел шен пальто а нисйина.