Светлый фон

…Кхин а цхьа хан йаьлча:

— ГIарчI-аьлла схьа а лецна, занкъаьлла чу а боьхкина, гарраст аьлла, тоьпаш тоьхна-кх вай махках даьхначарна! — аьлла, ТавсолтагIеран чувелира самукъадаьлла Керим, газета а карахь. Газето хоуьйтура: Берияна а, цуьнца цхьаьна хиллачу йамартхошна а тоьпаш тохар. Дерриг советски халкъо доккха садаьккхира, и даггара къобалдарца. Массарна а хиира 1937-чу шарахь берриг Советски махкахула чекхдевлла, хIинццалц жоп даланза дисина, инзаре зуламаш хьан дина. ХIинца партис бехкечарна хьакъдоллу таIзар а деш, иза Iорадаккхарна, адамашна хьаам белира. Къаьсттина хазахийтира и, бехк а боцуш, цу йамартхоша сийсаздина, шайн махках даьхначу къаьмнашна.

Керима шена газета доьшучу хенахь, Тавсолтас синкъераме корта хьийзабора:

— Хьажал, Церетели вуй царна йуккъехь?

— Ву, Къуръанора-кх, хIокху меттехь-м!

— Хьай, йовсар яI! — Тавсолтина дагадеара цуьнан Эскиной вар. — Ма дера дилли церан! — воккхавера Тавсолта:

— ХIуъа дийцича а, нийса ду вайн Советан Iедал! — тIетуьйхира Тавсолтас. — ХIинца вай цIа дахийтахьара!..

— Делахь а… хIинца а… сатоха деза, — элира Керима. РаьгIнаш йу гIуллакхийн…

 

* * *

— Районан комендант чохь вацара. Хьалхарчу цIа чохь стоьла тIехьа, таьптар а даржийна, Iapa НКВД-н лейтенант, цунна хьалха, чоь йуьззина, ирахь лаьттара цхьа нах, цо цхьацца тIе а воьхуш, массо уьш дIа а йазбеш. Цхьаберш сонешкахь, дехачу гIенташ тIехь хевшина Iapa.

Керимна йуххехь ирахь лаьтта, дика тIедуьйхина, цхьа хьаьрса интеллигент вара, шена уллохь Iаьржа дуьйхина, корта а оллийна, Iачу зудчуьнга луьйш, гуьржийн акцентаца:

— Хьо хIунда хIоьттина сел холча? Хьуна-х и хIокху тIаьххьарчу дейтта шарахь цкъа бен гучуваьлла а вац… Цо-х хьоьга шеран коьртехь цкъа бен телефон а ца тухура!..

Зуда IадIара, корта а оллийна.

Лейтенанта и шиъ шена тIе дехча, хиира Керимна уьш муьлш бу: Iаьржа дуьйхина зуда Бериян йиша хиллера — Мария Павловна, важа — цуьнан майра. Чохь болу вуьйш а Берияца цхьаьна, дукха хан йоццуш, хIаллакбинчу цуьнан гIоьнчийн доьзалхой бара, хIинца шайх спецпереселенцаш а бина, махках а баьхна, кхузахьа схьалаьхкина. Кабуловн зудий, йоIIий, ший а, сирла-хьаьрса, стигалан басахь долу бIаьргаш а лепош, шекйоцуш, йела а къежна, Iapa сонерчу гIантахь, шайна хилларг хIумма а доцуш санна. Кхиберш-м маларан хьожа а йетталуш бара.

— Хьуна хIун оьшура? — лейтенантан Керимах бIаьрг кхийтира.

— Со-м Идрисовца гIуллакх долуш веънера.

— Иза, цомгуш а хилла, балхара а дIаваьлла хIинца… ЦIахь ву…

И волчу церан цIа ваха дагалецира Керима, хьалха ша цуьнан цIахь хилла вацахь а, хIинца цунна тIехIоттар шен декхар хетта: хIуъа дийцича а, цхьана къомах а, цхьана хьолехь а, вовшийн цIе йевзина а вара. Кериман дагахь даим а кхин xIума а дара: цуьнга 1937-чу шарах лаьцна хаттар дан. «Оцу муьрехь НКВД-хь доккхачу хьаькамаллехь а лелла, ша лацаза а висина, чекхваьлла ма ву иза… Ма дукха хаьа хир ду цунна… ХIинццалц и ца ваьхьнехь а дийца, хIинца таро а ма йара цуьнан», — бохура шен дагахь Керима. Керимна, коьрта долчунна, хьалхара хаа луург дара: «Цу къизачу муьрехь, эзарнашца бехк боцу нах а, шаьш вовшийн а цара хIаллакдечу деношкахь, НКВД-хой шайн ойла муха хилла-те, уьш тешаш а хиллий-те шаьш хIетахь лелочух?»…